ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь адамийн бакъонашкахула кхел кхолларан ойла къобалйина Путина


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира гIортор йина адамийн бакъонашкахула леррина кхел хилча дика хир дара, бохучу ойлана. Иза хьахийра Адамийн бакъонашкахула кхеташонан декъашхойн Путинца хиллачу цхьаьнакхетарехь "Антимафия" цIе йолчу леррина вовшахкхеттачу зуламан тобанашна а, коррупцина а дуьхьало йон регионан юкъараллин фондан лараме президенто Мысловский Евгенийс.

"Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула кхел кхолларх лаьцначу хьан ойлана тIехь болх бан беза. Цу тайпа институташ ахча дала а, системан хийцамаш бан а оьшуш хуьлу. Амма, бух схьаэцча, ша ойла нийса ю", - элира Путина.

Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан бахархой бакъо ю Европан адамийн бакъонашкахула кхеле латкъам бан, нагахь махкахь суьдашкахь нийсо каро аьтто ца баьллехь. Конституцина тIехь бинчу хийцамаша магийна Оьрсийчоьнна Европан адамийн бакъонашкахула кхелан сацамаш кхочуш ца бан. Амма цкъачунна Оьрсийчоьно наггахь бен пайда эцна бац оцу аьттонах.

Стохка Оьрсийчоьно 1,1 миллиард сом компенсацеш елла оцу кхелан сацамаш кхочуш беш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG