ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 1 млрд сом дойур ду "Ведучи" курортехь ло хилийта


 "Ведучи" курорт
"Ведучи" курорт

1,129 миллиард сом дойур ду Нохчийчохь "Ведучи" когсалазийн курортехь ло латто система кхуллуш. Иза оьцур ду федералан бюджетера. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфакс-Маркер" агенталло, республикана оьшург оьцучу тептарна тIе а тевжаш.

Болчу хаамца, и болх къовсуш хиллачу аукционехь толам баьккхина "Ордена дружбы народов чеченское управление строительства имени Э.Э. Исмаилова" олучу госпредприятино. Иза ша цхьаъ хилла оцу акционехь дакъалоцуш.

Болх тIелаьцначу компанин дезар ду насосан станци кхолла а, ломан трассашна хи латтон гIу яккха а. Контрактца а догIуш, оцу белахашна къастийна кхо шо сов хан.

Ерриг сезонашкахь болх беш йолу "Ведучи" курорт схьайиллира 2018-чу шарахь Iай.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG