ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхарачой-Чергазийчохь ши эккхийтар дина меттигерчу ФСБ-н декъана уллехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Кхарачой-Чергазийчохь Малокарачевскан кIоштIахь ши бомба эккхийтина меттигерчу ФСБ-н декъана уллехь. И бахьана долуш гергаш кхетта чевнаш хилла ву 6 стаг. Царна юкъахь ву МВД-н экспертийн-криминалистийн центран декъан хьаькам Абдурзаков Аскер.

"Интерфаксо" бинчухаамца, Учкенен эвлахь Iуьйранна 7 сахьт даьлча иккхина куьйга йина бомба. Территори гоне а лаьцна, говзанчаш цигахь болх бан буьйлабелча, 12 сахьт долуш цига тIевана цхьа стаг. "АллахIу Акбар!", аьлла эккхийтина цо шен дегIах йоьллина хилла бомба.

Оьрсийчоьнан Къоман антитерроран комитета бинчу хаамца, Iожалхо оццу меттахь велла, полицин 6 белхахочун яйн чевнаш йина. Маьршачу нахана юкъахь эшам хилла цхьа а вац.

Карарчу хенахь къастош ду тIелатар динарг мила ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG