Францехь, цхьа а бехк ца кховдош, маьршаваьккхина хьехархо Пати Самюэль вер толлучу гIуллакхехула лаьцана 5 нохчо.
Францин AFP (Франс-пресс агенталла) агенталло бинчу хаамца, талламо гайтина уьш Пати верна декъа цахилар, хаам бина "Кавказский узел" сайто.
Нохчийн къомах 5 жима стаг лецира Францехь оршотан Iуьйранна, ГIуран-беттан 7-хь меттигера хьехархо Пати Самюэль вер толлуш. Низамаш лардон органашна хетара, цара интернетехула кехаташ яздина хиллачух тера ду аьлла Пати вийначу I8 шо долчу Анзоров IабдуллахIе, джихадан тема а хьехош.
- 47-шо долу Пати Самюэль вийна кхушара ГIадужу-беттан 16-хь. Цул хьалха цо дешархошна урокехь дешан маьрша йийцаре еш гайтина хиллера Charlie Hebdo журналана тIехь араевлла Мохьаммад-Пайхамарна ехкина карикатураш. Цул тIаьхьа кхерамаш туьйсуш хиллера цунна.
- Анзоров дIавоьллина Нохчийчуьрчу Шалажахь ГIуран-беттан 6-хь.