ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIиране юхахьаьжча: Америко санкцеш кхайкхийна Кадыровна, Францехь хьехархо вер толлуш лаьцна, юха дIахецна нохчийн 5 жима стаг...


ТIеман кIуьро лаьцна Нохчийчоь
ТIеман кIуьро лаьцна Нохчийчоь

ГIуран-бутт, 7, оршот

Никъаб лелоро терроризмана тIебуьгу зударий аьлла, дIахьедира Нохчийчоьнан муфтийс

Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахь-Хьаьжас комментари йина республикехь никъаб лелор дехкарна. Цо дийцарехь, оцу кепара духар лелоро зударий тIебуьгу терроризмана.

Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь-Хьаьжа
Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь-Хьаьжа

"Цкъа делахь, арахь иштта (массо а санна) ган лууш яцахь, шен цIахь Iан еза. ШолгIа делахь, уьш (зударий) оцу кепара кхечарах дIахьулбелча, цара бусалба ца лору шаьш санна духар доьхна боцу нах. Цунна тIаьхьадогIург ду цара шайна тIе (вайна) дика девзаш долу доьхка дехкар а, бехка боцу адамаш дайъа бахар а", - дIахьедира Нохчийчоьнан муфтийс.

Никъаб лолор республикехь дехкарна реза боцурш Межиевс "ваххабиташ" а, "АллахIан мостагIий а" бу, элира.

Хьарам ду хаьйн халкъо лело духар цалелор а, царах къаста гIертар а", - даладо Межиевн дешнаш Кавказ.Реалиино, "Кавказский узел" сайтана тIе а тевжаш.

  • ДIадаханчу кIиранах Нохчийчоьнан муфтиЙс а, Соьлж-ГIалан полицин хьаькамо а гуш-хезаш емалйира масийтта йоIа никъаб лелорна. Цаьрга юхь дIакъовлуш оьхкина йовлакхаш дIадахийтира цу шимма.
  • Оцунах лаьцна сюжет гайтира "Грозный" телеканалан эфирехь.

Г1уран-бутт, 8, шинара

Францехь хьехархо вийна Анзоров ша а ву питанах хӀаллакьхилларг, аьлла Нохчийчохь

Францехь хьехархо вийна Анзоров Iабдуллах ша а ву хӀаллакьхилларг, питана тасар бахьана долуш, дIахьедина ГIура-беттан 7-чу сарахь ЧГТРК "Грозный" телеканалан сарахьлерчу керланашкахь.

ЧГТРК "Грозный" телеканалан репортаж йоьдуш даьккхина сурт
ЧГТРК "Грозный" телеканалан репортаж йоьдуш даьккхина сурт

Анзоров дIаволларх лаьцначу репортажехь шайна хетарг дийцина цуьнан гергарчара. "Цуьнга лан ца делла Пайхамаар сийсазвар. Цара питана ца теснехьара хIумма а хир дацара. Цо дина иза, сий дайар лан а ца делла. Цхьамма дин сийсаз дича, даима а карор ву бекхам бийр болу стаг, шен дахар дIадала кийчаверг", - бохура Анзоров Нурдийс, Анзоровн девашас.

Вукха девашас – Анзоров Сулеймана – тIетуьйхира, "нагахь цара динца доьзна и питана ца даржийнехьара, и дерриг а хиндацара": "Ша динах доглозу стаг хиларе терра, Пайхамар ларван хIоьттина иза. Цара иза (Пайхамар) сийзас ца винехьара, иза хир дацара".

Оцу кеппара къамелаш дира Анзоровн кхечу гергарчара а. Масала, Анзоров Зелимхана шен комментарий дIаерзийра шен кхелхина гергара стаг хастош: "Цо лелийнарг а, цо динарг а дуьйцуш хезча, тхуна иза везар кхин а алсамдолу. Дала къобал дойла цуьнан гIазот!".

Иштта Анзоровн гергарчара баркалла элира Нохчийчоьнан куьйгаллина, шайн гергарчу стеган дакъа республике схьадохьуш накъосталла дарна.

  • Москвахь нохчийн доьзалехь вийнчу Анзоров IабдуллахIа дара 18 шо. Масийтта шо хьалха деца-ненаца иза дIаваханера Оьрсийчуьра Франце.
  • 47-шо долу Пати Самюэль вийна кхушара ГIадужу-беттан I6-хь. Цул хьалха цо дешархошна урокехь дешан маьрша йийцаре еш гайтина хиллера Charlie Hebdo журналана тIехь араевлла Мохьаммад-Пайхамарна ехкина карикатураш. Цул тIаьхьа кхерамаш туьйсуш хиллера цунна.
  • ГIуран-бутт болалуш Шалажан юьртадас Магомадов Салмана харцбира Францехь хьехархо Пати Самюэль вийначу Анзоров IабдуллахIан сийдеш, цуьнан цIе туьллуш, эвлара ураман цIе хийцина аьлла цхьаболчу Оьрсийчуьрчу зорбан гIирсаша баржийна хаам. Цо иза «харцо» а, «питана» а ду элира.
  • Анзоров дIавоьллина Нохчийчуьрчу Шалажахь ГIуран-беттан 6-хь.

ГIуран-бутт, 9, кхаара

Францехь хьехархо Пати Самюэль вер толлуш лаьцна кхин а 5 нохчо

Нохчийн къомах волу 5 жима стаг лаьцна Францехь оршотан Iуьйранна, ГIуран-беттан 7-хь меттигера хьехархо Пати Самюэль вер толлуш.

Низамаш лардон органашна хетарехь, цара интернетехула кехаташ яздина хиллачух тера ду Пати вийначу 18 шо долчу Анзоров IабдуллахIе, джихадан тема а хьехош, хаам бо Кавказ.Реалиино, France Bleu зорбан гIирсана тIе а тевжаш.

ДIалецна нохчий бу 18-21 шераш долуш. Уьш полисхоша дIабигна Францин ХIордаца Сена (Seine-Maritime) а, Лакхара Луара (Haute-Loire) шина департаментехь.

Цкъачунна цаьрга цхьанне а бехк кховдийна бац, дIахьуш бу таллам. ХIокху кIиранах хуур ду кхелан хьалха хIуьттур бу уьш я дIахоьцур бу, бехк а ца кховдош.

Таханлерчу денна Пати верца боьзна таллам дIахьош шеконе лаьцна ву 14 стаг, шайна юкъахь 5 дешархо а волуш. Царах цхьаболчара, хетарехь, зулам деш дакхалаьцна хила мега, ткъа вукхара гIо дина хила мега.

Амма шоьтан дийнахь хаам кхечира нохчийн кегийрхой маьрша баьхна аьлла, цхьа а бехк а ца кховдош.

  • 47-шо долу Пати Самюэль вийна кхушара ГIадужу-беттан 16-хь. Цул хьалха цо дешархошна урокехь дешан маьрша йийцаре еш гайтина хиллера Charlie Hebdo журналана тIехь араевлла Мохьаммад-Пайхамарна ехкина карикатураш. Цул тIаьхьа кхерамаш туьйсуш хиллера цунна.
  • Анзоров дIавоьллина Нохчийчуьрчу Шалажахь ГIуран-беттан 6-хь.

ГIуран-бутт, 10, еара

​Цхьаьнатоьхначу Шататаша санкцеш кхайкхийна Кадыровна

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш кхайкхийна Оьрсийчохь а, Йеменехь а, Гаити Республикехь а адамийн бакъонаш талхош болчу Iедалхошна дуьхьал. Санкцийн тептарна тIехь болчу нахана юкъахь ву – Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо.

Кадыров Рамзан, гайтаман сурт
Кадыров Рамзан, гайтаман сурт

Американ финансийн министраллин дIахьедарехь аьлла ду, Кадыров воцург, санкццеш дуьхьал яьхна кхин а Оьрсийчохь регистраци йинчу 6 компанина а, ткъа иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца юххера уьйраш йолчу 5 стагана а.

Цул сов, санкцийн тептарна тIехь ву, болчу хаамца, адамийн бакъонаш талхорна бехке волу Гаитин кхо вахархо а, ткъа иштта, хуситаш Iуналла дечу Йеменан лерринчу сервисашца воьзна 5 стаг а.

"Дуьненаюкъара коррупцица къийсам латторан де а, Дуьненаюкъара адамийн бакъонийн де а… дагалоцуш… Цхьаьнатоьхначу Штаташа пайда оьцур бу оцу санкцех… дерриг а дуьнентIехь адамийн бакъонаш талхоца а, коррупци лелорца а къийсам дIахьуш. Дерриг а цхьаьнатоьхча, оха дийриг тIехьажийна ду, коррупци лелорна а, адамийн бакъонаш талхорна а бехке болчу нахана – куррупци шуьйра яьржинчу ГIиргIизойчоьнан таможнина тIера? Гаитера герзаца лела банданашна а, Нохчийчохь адамийн бакъонаш йохош болчарна а, кхиболчу зуламхошна а - дуьхьал", - билгалдаьккхина ду Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаран Помпео Майкан дIахьедарехь.

Маршо Радион Оьрсийн сервисо билгалдаккхарехь, санкцешна кIелъяхна "Ахмат" латархойн клуб а, "Чеченские минеральные воды" а, "Мегастройинвест" а компанеш а, ткъа иштта ийначу кепехь латараш вовшахтухуш йолчу Absolute Championship Akhmat промоутеран компани а.

Еарин дийнахь Британино санкцеш кхайкхийна Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочунна Даудов Мохьмадна а, Аргунан хиллачу полицин хьаькамна Катаев Аюбна а, республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхарчу когаметтана Алаудинов Аптина а дуьхьал. Оцу кепара дехкарш юкъадаьхна "Терек" лерринчу полицин декъана а, Нохчийчохь ЛГБТ олучу нехан бакъонаш талхорна.

Санкцех лаьцна хаамна комментари еш Кадыров Рамзана аьлла, хIоьттина хьал "Iовдалалла" ю аьлла. "Америка къийса йолаелла спортца а, хIусамнаношца а, берашца а, гIо-накъосталлин вовшахтохараллашца а, спортхошца а, говрашца а… Оцуьнан цIе ю – "Iовдалалла", хIунда аьлча, адамийн исторехь оцул йоккха абсурд (цхьа а доцург) цкъа а хилла яц", - билгалдаьккхина Кадыровс.

ГIуран-бутт, 11, пIераска

26 шо кхечи Нохчийчохь хьалхара тIом балабелла

26 шо хьалха, 1994-чу шеран ГIура-беттан 11-чу дийнахь, Нохчийчохь болабелира Хьалхара тIом. Оьрсийчоьнан президенто Ельцин Бориса цу хьокъехь тIеэцна указ арадаларца, кхаа агIор Нохчийчоьнан территори тIе девлира Оьрсийчоьнан эскарш.

Нохчийчоь
Нохчийчоь

Кхин 20 де даьлча уьш тIекхечира Соьлж-ГIалин юккъехь лаьттачу президентан гIала-цIанна.

ГIура-беттан оцу Iаьнан дийнахь болабела и тIом бахбелира 1996-чу шеран Марсхьокху-беттан 31-гIа де тIекхаччалц. Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан агIонаш динчу маслаIатца Нохчийн Республикан статус билгалъяккха езаш яра 2001-чу шеран ГIура-беттан 31-гIа де тIекхачале.

Ма дарра аьлча (де-факто), Нохчийчоь юха а хилира йозуш йоцу пачхьалкх. Тахана а билггал хууш дац оцу тIамехь кхелхинчу нехан бакъдолу терахь. Нохчийчохь тIом а баьлла адамашка бала боьссина де тергал деш а дац карарчу Нохчийчохь долчу Iедалша.

ГIуран-бутт, 12, шотт

Школазхойн дешаран департаментан хьаькам хIоттийна Кадырова Хадижат

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 20 шо долу йоI - Кадырова Хадижат - хIоттийна Соьлж-ГIалин школазхойн дешаран департаментан хьаькаман дарже.

Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Цунах лаьцна ГIуран-беттан 11-хь хаам бина Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада, инстаграмехь йолчу шен агIонехь.

Хьалхо, зорбан гIисаша хаам бина ма хиллара, Кадырован йоккхахайолу йиша - Iайшат – хIоттийра республикан культуран министран гIовс.

Кавказ.Реалии портало зорбане доккхучу тептарехь билгалбаьхна, махкарчу Iедалехь а, йоккхачу бизнесехь а болу Кадыров Рамзанан гергарнаш.

  • Кадырова Аймани, Кадыров Рамзанан нана – "Кадыров Ахьмадан Фондан" президент ю
  • Кадырова Iайшат, йоккхахйолу йоI – культурин министан хьалхара гIовс ю
  • Закриев ИбрахIим, йишин кIант – вице-премьер, юьртабахаман министр
  • Черхигов Идрис, йишин кIант – Нохчийчуьрчу ГИБДД-н хьаькам
  • Кадыров Хьамзат, вешин кIант – спортан министр
  • Кадыров Висита, тIелаьцна ваша – республикан куьйгалхочун гIоьнча
  • Кадырова Зарган (Черхигова), йоккхахйолу йиша –мехкан урхалхочун гIовс
  • Кадырова Зулай, жимахйолу йиша – республикан куьйгалхочун гIоьнча а, цуьнан гIуллакхаш луьстучу урхаллан куьйгалхочун гIовс а ю
  • Кадырова Медни, хIусамнана – "Кадыров Ахьмадан Фондан" вице-президент
  • Кадыров Хьамид, деваша – юьртабахаман министран гIовс
  • Байсултанов Одес,– спортан министран гIовс
  • Байсултанов Идрис, шича – дешаран а, Iилманан а министр
  • Дааев Абусупьян, шича – Нохчийчуьрчу "Роснефть" компанин директоран гIовс
  • Кадыров Шайхмохьмад, дешича – Нохчийчуьрчу "Беркат" базаран директор
  • Кадыров Хас-Мохьмад, верас – Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин урхалхо
  • Делимханов Адам, верас – Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутат
  • Делимханов Алибек, верас – Къилбаседа Кавказан гонашкарчу Росгвардин куьйгалхочун гIовс
  • Делимханов Шарип, верас –Росгвардиин урхалхо
  • Черхигов Рамзан, йиша яхна нуц – Нохчийчоьнан транспортан министр
  • Закриев Салман, йиша яхна нуц – Нохчийчоьнан парламентан спикеран хьалхара гIовс
  • Мацуев Висхан, йоI яхна нуц– Нохчийчуьрчу миграцин урхаллан куьйгалхо
  • Кадыров Хожа-Ахьмад, дешича – Къилбаседа Кавказан Федералан гонийн а, Нохчийчуьрчу алимийн а Кхеташонан урхалхо
  • Айдамиров Асланбек, стунваша – Нохчийчоьнан парламентан спикеран гIовс
  • Алханов Руслан, йоьIан марда – Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр
  • Закриев Сахьаб, йиша яхначу невцан ваша– Гуьмсан кIоштан администрацин куьйгалхо

Лахьан-бутт, 13, кIиранде

Ахматан кIошт хир ю Соьлж-ГIалин Ленинан кIоштах

Бахархошка хеттарш дан йолаелла Соьлж-ГIалин мэри, гIалина чуйогIу кIоштийн а, яртийн а цIераш хийцар хьокъехь, хаам бо Кавказ.Реалиино. Оцу хьокъехь кехаташ дIасадала долийна Соьлж-ГIаларчу бахархошка.

Соьлж-ГIала
Соьлж-ГIала

Цаьрга харжа кховдийна и цIераш, ткъа луучунна аьтто бина шен вариант тIеязъян.

Анкетица а догIуш, реза хилар хоьтту Ленинан кIоштах Ахматан кIошт ян, Старопромыслан кIоштах – Висаитовн (Висаитов Мавлид – СССР-н турпалхо), Октябран кIоштах - Байсангуран (Бенойн Байсангур - 19-чу бIешарахь нохчийн тIеман хьалханча а, Имам Шемилан наиб а хилла ву), Заводан кIоштах – Шайх Мансуран(Мансур ву Къилбаседа Кавказан хилла имам).

Таллам беш хиларх лаьцна хаам гучубелира Соьлж-ГIалин мэрин инстаграмехь. Цу тIехь аьлла ма хиллара, оцу юкъахь дакъалоцур ду харжаман бакъо йолчу гIалин лаххара а ах бахархоша.

  • Кхушара Чиллан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедожийра Соьлж-ГIалин мэрана Закриев ИбраьхIимна гIалин кIоштийн а, гIалин кепара эвлийн а цIераш хийцар. Кадыровн омрица Октябран, Старопромыслан, Ленинан, Заводан кIошташна тахка езаш ю, цо ма аллара, "нохчийн халкъан сий долчу кIентийн" цIераш а тохкуш.
  • Хаьлхо, "халкъан дехарца", КадыровгIар бехачу Хоси-юьртан цIе хийцира "Ахмат-Юрт" аьлла.

Америкехь Covid-19 дуьхьал вакцина тоха йолор ю оршотан дийнахь

Pfizer / BioNTech компанино коронавирусна дуьхьал йинчу вакцинин хьалхара жут дарбан хIусамашка кхачор ду Америкаехь оршотан дийнахь. Цхьаьнатоьхначу Штатийн администрацино пIераскана сарахь бакъо елла ца хуьлчу ца даьлча иза лело.

Оццу хенахь Америкерчу масс-медиа гIирсаша хаам бо, Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь COVID-19 хьакхаяларна цамгарш чIагIйелла беллачу нехан терахь 300 эзаре кхаьчна хилар.

Вакцина кхолла а, иза дIакхачо а Iалашо хIоттийна Трампан администрацино кхоьллинчу "Озал тӀех масалла" операцин коьртачу директоро Перн Густава дIахьедина зорбан-конференцехь шот дийнахь, траспортан кеманаша Pfizer компанино юкъаяьккхинчу вакцинин 3 миллион доза дIакхачор ю иза дIасайоькъучу 150 центре аьлла.

Кхаарин де тIекхачале и вакцина кхачор ю 450 дарбанан хIусаме, билгалдоккху "Американ аз" зорбан гIирсо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG