ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьара 12 сахьт - цхьаболу хиламаш


Нохчийчоь, Соьлж-ГIала
Нохчийчоь, Соьлж-ГIала

Британина дуьхьал таIзар дийр ду Оьрсийчоьно

Арахьарчу гIуллакхийн министраллан векал Захарова Мария
Арахьарчу гIуллакхийн министраллан векал Захарова Мария

Британино кхайкхийначу санкцешна дуьхьал жоп лур ду шаьш аьлла, дIахьедина чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Урхаллан официалан векало Захарова Марияс динчу дIахьедарехь, бух боцуш ду Лондоно Оьрсийчоьнна керла санкцеш дуьхьал яхар.

"Пачхьалкхийн юкъаметтигашна тIехь негативе йоьрзур ю ойла йоцуш кхайкхийна демарш аьлла, хета тхуна. Оьрсийчоьнан Iедалхоша бакъо шайгахь юьту жоп луш адеквате берамаш дуьхьал тоха", - аьлла Захаровас.

Карладоккху, еарин дийнахь Британино санкцеш кхайкхийна Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочунна Даудов Мохьмадна а, Аргунан хиллачу полицин хьаькамна Катаев Аюбна а, республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхарчу когаметтана Алаудинов Аптина а дуьхьал. Оцу кепара дехкарш юкъадаьхна "Терек" лерринчу полицин декъана а, Нохчийчохь ЛГБТ олучу нехан бакъонаш талхорна.

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Нохчийчохь 6-зза мохк бегийна

Нохчийчоь
Нохчийчоь

КIирандийнахь юха а рогIера мохк бегийна Нохчийчохь. ТIаьххьарчу дийнахь-буса ялхолгIа бегина лоруш бу аьлла, яздо ТАСС агенталло мехкан орцан министраллан информацина тIетевжина.

Оцу кепарчу мохкбегоро кхин дIоггара зенаш ца дина, доллу дуьненчохь а денна бохург санна хуьлуш хIума ду иза аьлла орцан министраллан пресс-гIуллакххоша.

Буьйса юккъе яхначу хенахь дуьххьара 5,6 магнитуда йолу мохкбегор хааделла Хьалха-Мартанан кIоштахь. Цул тIаьхьа ницкъаллин гайтам 3,7 болуш бегийна мохк Соьлж-ГIалин Къилба-Малхбалехь. Орцан министралан хаамца, дина зенаш дац, лазийна, велла стаг а вац.

Австрехь школехь хьиджаб лелон магийна

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Юьхьанцарчу классашкахь хьиджаб йехкар конституцица догIуш дац аьлла, хьалхо бина сацам юхабаьккхина Австрин Конституцин кхело. ТАСС агенталло бина цунах хаам. Дехкар кхочуш ца динчу дайшна-наношна 440 евро гIуда дара тIедожийна. Австрин Iедалхоша билгалдаьккхира, и барам хьажийнера шаьш бусулбачийн зудабераш дискриминацех Iалашдархьама аьлла.

Карарчу шеран Дечкен-баттахь Австрерчу бусулбачийн юкъаралло латкъам бинера пачхьалкхан Конституцин кхеле юхьанцарчу классашкахь хьиджаб лелор ца магорна дуьхьал.

Дагадоуьйту, стохка Стигалкъекъа-баттахь школехь дихкира хьиджабаш лелор. 2017-чу шарахь дуьйна магош дац Австрехь нахана юкъахь юьхь хьулъяр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG