ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Песковс журналисташка: Путине хатта, Немцов вейтинарг мила ву алий


Оппозиционер Немцов Борис вейтинарг мила ву хаьа Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна аьлла, тIечIагIдина Кремлан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Карарчу беттан 10-чохь адамийн бакъонашкахула йолу Кхеташонан декъашхошца шен хиллачу цхьанакхетарехь Путина ша дIахьедина цунах лаьцна аьлла, хаийтина журналисташца къамел деш Песковс.

ТIедогIучу еарин дийнахь, 17-чохь кхайкхийначу президентан пресс-конференцехь цуьнга шегга хатта аьлла, кхин совдаьккхина Немцов верах ца дийцина пресс-секретаро.

Хьалхо Путина масийттазза хьахийра, Немцов вийначарна таIзар дина аьлла, амма дуьххьара ду цо иза вейтинчух олуш.

Масех шо хьалха йоьдучу Путинан пресс-конференцехь цхьана журналиста хаьттира президенте, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца Немцов верах къамел хиллий хьан аьлла. Путина хIетахь дIахьедира, "ша цхьа а бехказавоккхур вац" аьлла.

Оппозиционер Немцов Борис вийра Кремлна гергахь 2015-чу шеран Чиллан-беттан 27-чу дийнан сарахь. Иза верна бехке а вина, набахтешка хьажийра массех нохчо. Амма каронза, таIзар данза буьсуш бу зуламна нах арабаьхна хьаькамаш, уьш а беза леца, жоьпе ийзо аьлла хета Немцовн накъосташна а, гергарчарна а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG