ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьара 12 сахьт - цхьаболу хиламаш


Къаьркъа дукха муьйлучу регионийн рейтинг карлаяьккхина

"Трезвая Россия" федералан проектан эксперташа карладаьхначу терахьашца, уггар а кIезиг къаьркъа молучу регионашлахь ю ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а, Дагестан а, ГIебарта-Балкхаройчоь а, Кхарачой-Чергазийчоь а. REGNUM агенталло шен агIонехь йовзийтина рейтинг.

Талламаш бечу хенахь тидаме эцна 2020 шо. Зорбане даьккхинчу тептарехь иштта къастийна корта бахон малар дукха моьлу бахархой шайна чохь беха субъекташ а. Ю царлахь Коми, Чукотскан Автономи а, Удмурти а, Сахалинан а, Магаданан а кIошташ а. ХIоттийначу рейтингехь Москва 13-чу позицехь ю, Санкт-Петербург 16-чу.

Шайн рейтинг хIотточу заманчохь эксперташа тидаме эцна ялх тайпа барам: къаьркъанах белларш а, "алкоголизм" а, "алкоголан психоз" а олу лазарш а, корта бахон малар меллачул тIаьхьа дийлийтина зуламаш а, къаьркъа дохкар а.

Нохчийчохь ковидах кхин а цхьаъ велла

Оршотан суьйранна довзийтинчу зерашца, Нохчийчохь ерриг а коронавирус толлуш йина 456 376 тест. Царех 2801 тIаьххьарчу 24 сахьтехь. Республикехь COVID-19 вирус токхуш ву 6318 дархо, ткъа тIаьххьарчу дийнахь-буса кхин а 139 пациент тIекхетта.

"3027 стагана дарба хилла, 84 кхелхина ун даьржичхьана", - хаамбо Нохчийчуьрчу Роспотребнадзоран пресс-гIуллакххоша. Де хьалха 83 дархо велла аьлла, кхачийра информаци.

Къилбаседа ХIирийчуьрчу блогеран нанас орца доьху Кадыровга

Блогеран Джикаева Маликин нанас Кудзиева Анжелас видео дIаязйина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга йистхуьлуш. ЙоьIан нанас доьху, ши де хьалха кхелахоша шен йоIана кхайкхийначу вердиктан тергояр. Наркотикаш лелош хилла аьлла, бехкейинчу Маликина набахтехь даккха кхо шо хан тоьхна.

"Сан доьзалхочо хьиджаб коьрта а тиллина, шегара товш доцург далийтина, оха цатам хьайна бинехь, къинтIера валар доьху ас хьоьга. Со нана ю, хьо дуккха а зудаберийн да ву, хьо кхета декхар ву, кхаа шарахь набахтехь хан яккха дезахь, цу чуьра араяьлча лартIахь хир юй иза? Сан йоI могуш яц. Туреттан цамгар ю цуьнца. Хуьлуш дарба а дац оцу цамгарна. Ас дехар до хьоьга, оцу гIуллакхна юкъа а гIортахьара хьо. Массара а олу, дийна араер яц иза", - боху нанас.

Кудзиевас иштта чIагIдо, шен йоIана тIехь къизаллаш лелайо бохуш а. "Хьан карахь ду дерриг а. Хьан пурба доцуш дитта тIера гIа а ца дужу. Орцах валахьара хьо!", - аьлла, дIахьедо Кудзиевас. Цо бахарехь, масех де хьалха Маликин йиша а кхелхина. Москвахь цхьана петар чохь карийра цуьнан дакъа.

  • Зазадокху-беттан 9-чохь Соьлж-ГIалахь лецира Джикаева Малика. Наркотикаш латтош хилла аьлла, шеконаш эгна цунна тIе.
  • Хьалхо Джикаевана гIуда туьйхира, магийна йоцчу меттигехь герз кхийсарна. Полисхочун барзакъ а доьхна, герз диттинера цо.
  • Инстаграмехь цо зорбане йоху провокацин видеошна тIехула иза лаьцна бохуш, дIахьедар динера хьалхо йоьIан гергарчара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG