ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къайлах махка баьхкина нах лецна кхобучу центрера араваьккхина Нохчийчоьнан вахархо Украинехь


Бакъо йоцуш шайн махка баьхкина нах латточу меттигехь Нохчийчуьрчу 49 шо долчу Амагов Асламбекан хьокъехь хьалхо бина хилла сацам юхабаьккхина Киеверчу кхелахоша. Суьдхочо Глущенко Янас куьйгъяздина долчу, Кавказ.Реалиин карадеанчу документа тIехь хаийтина ду цунах лаьцна. Адвоката Ангелин Ивана дийцарехь, Амаговс латкъам бинера Украинерчу миграцин хьукмато бинчу сацамна.

2019-чу шарахь миграцин хьукмато Амаговна иммиграци еш бина сацам бохийнера. Ткъа кху шеран Лахьан-баттахь бен цуьнга шега хаийтина а ца хиллера. Украинан яхархо а ялийна, оцу пачхьалкхехь ши бер а хилла вехаш вара иза.

Нохчийчуьра схьаваьлла, шайн пачхьалкхехь вехачу 20 стеган хьокъехь карарчу шарахь сацамаш тIеэцнера Украинан Iедалхоша, уьш махкахь бохуш аьлла, дуьйцу Украинерчу нохчийн диаспоран векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG