ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 25 пациент велла коронавирусах, кхин а тIе цомгаш хилла 1 278 стаг. Инфекци ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь цхьайтта стаг велла COVID-19 вирусах, Ставрополан махкахь пхиъ, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а виъ-виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь цхьаъ велла.
Пандеми яьржичхьана верриг а Къилбаседа Кавказехь велла лоруш ву ковидах 4 096 дархо. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь йовзийтинчу информацица, къаьсттина дукха бу ун даьлларш Ставрополан мхкахь – 230 стаг.
- Ставрополан мохк + 239 (31 209 ву эпидеми хилчхьана)
- Краснодаран кIош + 181 (24 736)
- Дагестан + 150 (20 973)
- Нохчийчоь + 137 (6 455)
- ГIалмакхойчоь + 102 (13 I21)
- Адыгей + 102 (9 542)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 101 (14 199)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 93 (13 652)
- ГIалгIайчоь + 87 (10 729)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 86 (10 605)
Таханалерачу зерашца, 155 221 стаг ву COVID-19 вирус шеца къаьстина Къилбаседа Кавказехь. Ткъа йоллу Оьрсийчохь билгалваьлла коронавирусца 2 707 945 дархо.