ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьара 12 сахьт - цхьаболу хиламаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Кадыров: Нохчийчохь гIаттамхо вийна

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь хаамбина, ТIехьа-Мартанахь дIаяьхьначу леринчу операцехь тIемало вийна аьлла.
"Кхиамца дIаяьхьначу контртерроран операцехь ТIехьа-Мартанан кIоштахь вийна гIаттамхо Байдулаев Казбек. Ницкъахойн агIонах цхьа а лазийна, я вийна вац. Даим а санна, говза, вовшашца дага а буьйлуш лелла полисхой", - яздина Кадыровс.

Нохчийн куьйгалхочо дийцарехь, 2012-чу шарахь дуьйна лехамашкахь хилла ву Байдулаев. Герзаш лелош, вовшахтоьхначу тобанца хиларна цунна дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх а хиллера.

"Регионехь хьал дIанисдина, паргIат ду операци ерзийначул тIаьхьа, диттина дозанаш а дац. Маьршша дIасалела йиш ю", - аьлла Кадыровс.

"Кавказский узел" агенталлан информацица, ТIехьа-Мартанан кIоштахь вийна аьлла, Кадыровс вуьйцу Байдулаев Казбек, ГIадужу-баттахь байинчу гIаттамхошца а вийна аьлла дIахьедира хьалхо. Полисхоша хаамбира, Серноводскан кIоштахь хиллачу кхийсаршкахь вийна иза аьлла.

Къилбаседа Кавказера кхо журналист Iедало хьийзочу хаамийн гIирсийн белхахойн тептарехь ву

Дуьненчуьрчу пачхьалкхашкахь Iедало хьийзочу журналистех лаьцна рапорт арахецна Нью-Йоркехь куп тоьхначу "Журналисташ Iалашбечу Комитето". Церан тептаре ваьккхина Къилбаседа Кавказера кхо журналист: Гаджиев Iабдулмумин (Дагестан), Майсигов Рашид (ГIалгIайчоь), Валов Александр (Краснодаран кIошт). Карарчу беттан хьалхарчу дийнахь набахтешкахь латтон 274 журналист ву Комитето шайн чоьте эцна. Оьрсийчоьнан 10 журналист а ву рапортехь кху шарахь хьахийна.

Буденновскехь хиллачу тIемалочунна 13 шо дехна прокуроро

Йийсархой лоьцуш, теракташ лелийна, 1995-чу шарахь Басаев Шемала куьйгалла дечу тобанца Буденновскна тIелатар а дина аьлла, бехкевечу Даудов Асланна 13 шой, 6 буттий набахтехь яккха хан ехна прокуроро. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан коьрта урхалла теллина яьлла Даудовн гIуллакх аьлла, хьалхо хааме даьккхира. Цунна бехке диллинера терроризм а, бандитизм а лелор а, маьрша бахархой байар а. ХIиннцалц талламан изоляторехь латтош вара Даудов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG