ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Еврокомиссино "пиратийн тептаре" яьккхина Telegram а, "ВКонтакте" а


Пиратийн контент яржочу гIирсийн тептаре язйина Европан комиссино Telegram мессенджер а, оьрсийн социалан маша "ВКонтакте"а. Зорбане даьккхинчу документа тIехь бина цунах лаьцна хаам.

Хаамаш дIасакхехьийтарал совнах, Телеграмехь каналаш ю, социалан машанаш а санна, пиратийн контент вовшашка дIасакхехьийта бакъо луш, боху еврокомиссараша.
Ткъа "ВКонтакте" социалан машане язбеллачийн таро ю легалехь йоцучу киношка хьийса, цуьнца йоьзначу плеерца.

Шаьш мелхо а легалехь йоцучу контентца къийсам латтош ду бохуш, "ВКонтакте" а, Telegram а дуьхьал яра, шаьш тептаре яхийта.

"2018-чу шарахь кхоьллина ду "Пиратийн тептар". Диъ дакъа ду цуьнан: пиратийн материалашка хьовса таро лун онлайн-сервисаш а, онлайнехь йохка-эцар лелон платформаш а, интернет-аптекаш а, иштта офлайнехь йохка-эцар лелон майданаш а.

Шо хьалха Оьрсийчохь дуьххьара таIзар дира пиратийн онлайн-кинотеатраш лелочунна. Авторийн бакъонаш хьешарна бехкевинчу цунна арахь яккха ши шо хан кхайкхийнера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG