ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евробертан 27 пачхьалкхан векалша кхин а эхашарна яхъеш ю Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш


Евробертана юкъайогIучу 27 пачхьалкхан векалша дийцаредина кхин а эхашарна дIаяхъян Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна экономикан санкцеш. КарадогIучу шеран Дечкен-баттахь хан чекхйолуш яра санкцийн. Кхаарин дийнахь бина и хаам ТАСС агенталле Евробертан Кхеташонан делегацерчу хьостано.

"ХIаъ, 2021-чу шеран Мангалан-беттан 31-чу дийне кхаччалц санкцеш яхъеш векалша барт бина хIинцца", - аьлла хьостано.

Дахначу еарин дийнахь Британино санкцеш кхайкхийра Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочунна Даудов Мохьмадна а, Аргунан хиллачу полицин хьаькамна Катаев Аюбна а, республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхарчу когаметтана Алаудинов Аптина а дуьхьал. Оцу кепара дехкарш юкъадаьхна "Терек" лерринчу полицин декъана а, Нохчийчохь ЛГБТ олучу нехан бакъонаш талхорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG