ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь лечу нехан терахь рекорде даьлла тIаьххьарчу итт шерачохь


Карарчу шеран Дечкен-баттера ГIадужу-батте кхаччалц динчу жамIашца Оьрсийчохь нах балар лакхадаьлла го тIаьххьарчу исс шерачохь. Росстатан зераш тIехь РБК-с довзийтина и терахьаш.

ТIаьххьарчу шерашкахь мел а лахделла гора баларш, ткъа коронавирусан инфекцин пандеми яьржичхьана цIеххьашха терахь лакхадаьлла.

10 эзар бахархошлахь 113,2 стаг велла Дечкен-баттера ГIадужу-батте кхаччалц. Ду иза стохкалерачуьнца дуьстича 10 процентна сов.

Росстатан ларарца, 78,6 эзар велла стаг коронавирусан уьнах кхелхина лоруш ву. Ткъа велла 62 эзар стаг Iедалша довзуьйтуш доцу бахьанашца нисделла ду.

Эпидемица къийсам латтон Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабо ковидах кхелхина боху 47 968 стаг. Верриг а ун даьлла вара 2 707 945 стаг. Дарба хилла 2 149 610 пациентна. Доьдучу шеран юьйцучу хеначохь верриг а велларг ву 1,661 миллион стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG