ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь ковидах велла тIаьххьарчу дийнахь-буса 33 дархо


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 33 дархо, вирус къаьстина кхин а 1 293 стагаца. Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 13 дархо, Ставрополан махкахь ялх кхелхина, Дагестанехь пхиъ, ГIалмакхойчохь виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Адыгейхь а шишша, Нохчийчохь цхьаъ велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь ун даьлла ву аьлла, вовшахкетта 4 129 стаг ву.

Ставрополан кIоштахь къаьсттина дукха бу COVID-19 вирус кхетта нах - 236 стаг.

Ставрополан кIошт̆ + 236 (31 445 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран мохк̆ + 186 (24 922)
Дагестан + 152 (21 125)
Нохчийчоь+ 138 (6 593)
ГIалмакхойчоь + 111 (13 232)
Адыгей + 105 (9 647)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 100 (14 299)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 94 (13 746)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 86 (10 691)
ГIалгIайчоь+ 85 (10 814)

COVID-19 вирус токхуш ву тахана Къилбаседа Кавказехь 156 514 дархо. Оперативан штабан информацица, Оьрсийчохь 2 734 454 стаг ву ун даьлла.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG