ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москварчу метрохь теракт дара кечдеш аьлла, дийцина лаьцначу Дагестанерчу вахархочо


Москва, Киевская метро
Москва, Киевская метро

"Киевская" олучу метрохь теракт дара кечдеш аьлла, дийцина Москвахь лаьцначу Дагестанан вахархочо Койбаковс. Baza телеграм-канало бечу хаамца, 2018-чу шеран ГIуран-баттахь Койбаковна вевзаш волу Омаров а, Юсубов а метро чохь эккхийтар а деш, террорхо-Iожалхо хила бохуш, хIара бертавало гIиртина хилла. ГIуран-беттан 2-чу дийнахь дара иза боху Койбаковс, "Киевская" олучу метрона уллорчу "Европейский" цIе йолчу туькана хьалха.

Baza ресурсо дийцарехь, талламчаша дуьхь-дуьхьал хIоттийна хилла Юсубов а, Койбаков а. Изза мукIарло динера Койбаковс, амма Юсубовс бакъ дац аьлла, тIе ца дитина.

Оьрсийчоьнан Къоман антитерроран комитетан зерашца, карарчу шарахь терроран кепехь 61 зулам юкъахдаьккхина цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG