ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 31 дархо


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса 31 пациент кхелхина коронавирусан уьнах. Вирус кхаьстина 1 288 стагаца.

Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу штабо динчу зерашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина COVID-19 вирусах 13 пациент, Дагестанехь бархI, Ставрополан махкахь ворхI, Къилбаседа ХIирийчохь шиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь цхьаъ велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана кхелхина 4 160 дархо ковидах. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь – 238 стаг.

Ставрополан мохк + 238 (31 683 ву эпидеми яьржичхьана)

Краснодаран кIошт+ 185 (25 107)

Дагестан + 153 (21 278)

Нохчийчоь + 141 (6 734)

ГIалмакхойчоь + 105 (13 337)

ГIеьарта-Балкхаройчоь + 101 (14 400)

Адыгей + 97 (9 744)

Кхарачой-Чергазийчоь + 92 (13 838)

Къилбаседа ХIирийчоь + 88 (10 779)

ГIалгIайчоь + 88 (10 902)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь верриг а ун даьлла лоруш ву 157 802 стаг. Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь ву коронавирусца 2 762 668 дархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG