ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2022-чу шаре кхаччалц Оьрсийчоьнан спортхойн бакъо хир яц чемпионаташкахь хила


Шайн пачхьалкхан байракхца 2022-чу шеран ГIуран-беттан 16-чу дийне кхаччалц Оьрсийчоьнан спортхойн бакъо хир яц шайн хьуьнарш гайта. Дуьненаюкърчу а, Оьрсийчоьнан а антидопинган агенталлашна юкъахь лаьттачу къийсаман гурашкахь бина оцу кепара сацам спортан арбитражан кхело. WADA-н исполкомо хьехна деа шарна Оьрсийчоьнан спортхой дуьненаюкъарчу къийсадаларшка ца битар.

Цул совнах, шина шарна Оьрсийчоьнера дIаяьккхина дуьненан чемпионат а, Олимпиада а дIаяхьа бакъо а. Дехкар ца хьакхало континенталан ловзарех.

Оьрсийчоьнан антидопинган агенталло WADA-на такха деза цхьа миллион сов доллар компенсаци, стохка дуьйна кхелан сацам бовзийтталц яйинчу харжех.

Стохка ГIуран-беттан 9-чохь WADA-с деа шарна дихкира Оьрсийчоьнна дуьненаюкъарчу къовсадаларшкахь а, иштта, Олимпиадехь а, дуьненаюкъарчу чемпионаташкахь а хила. Ткъа допинг лелорна бехке ца хиллачу оьрсийн спортхойн таро хир яра Олимпикан ловзаршкахь нейтралан статусехь дакъалаца.

Оьрсийчоьнан флаг а, гимн а официалехь хIиттийначу дуьненаюкъарчу къийсадаларшкахь йихкинера. Стохка ГIуран-беттан 27-чохь Оьрсийчоьнан антидопинган агенталло кехат дахьийтинера WADA-н исполкоме, шайн спортхой деа шарна юкъарабахарна шаьш реза цахилар дIахоуьйтуш. Дечкен-баттахь WADA Лозаннерчу Спортан арбитражан кхеле елира, Оьрсийчоьнан антидопинган агенталлана дуьхьал иск йоккхуш.

20I8-чу шарахь аьхка Дуьненаюкъарчу яйчу атлетикан ассоциацино (IAAF) цхьана ханна къовсадаларшна юкъарваьккхира 2017-чу шарахь дато мидал яьккхина кхоссавалархо Лысенко Данила. Допинг-агенташ шена тIебахкийтархьама ша волчу меттигах АДАМС системехь бита беза хаамаш язбечу хенахь низамаш дохийна хиллера цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG