ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь 33 дархо велла ковидах


Коронавирусан уьнах 33 дархо велла тIаьххьарчу дийнахь-буса, вирус кхетта 1 233 стагана. Эпидемица къийсам латтон вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 12 ковид токхуш хилла дархо, Дагестанехь а, Ставрополан махкхаь а велла ворх-ворхI, ГIалмакхойчохь виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь шиъ, Нохчийчохь цхьаъ велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах 4 193 пациент. Къаьсттина дукха цомгуш нах хаабелла Ставрополан кIоштахь -240 стаг.

Ставрополан мохк+ 240 (31 923 ву эпидемии йолаелчхьана)
Краснодаран кIошт + 187 (25 294)
Дагестан + 152 (21 430)
Нохчийчоь + 142 (6 876)
ГIалмакхойчоь + 103 (13 440)
Адыгей + 103 (9 847)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 100 (14 500)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 93 (13 931)
ГIалгIайчоь + 89 (10 991)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 87 (10 866)

Пандеми йолаелчхьана Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус кхийтира 159 098 вахархочунна. Йоллу Оьрсийчохь бу коронавирусан инфекцица тахана 2 791 220 .

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG