ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров веран хьокъехь Оьрсийчоьно дIахьейина верси харцйина Талламан комитето


Нохчийчуьрчу Талламан комитетера официалан жоп деана бакъоларъярхошка. Нохчийчуьра вахархо Умаров Мовсар верца доьзна шаьш болийна талламаш берзийна урхалло, яздо Кавказ.Реалиино. Кху шеран аьхка хеттарш дан аьлла, лаьцна, дIавигинера иза полисхоша. Шен жоьпехь комитетан хьалхарчу декъан куьйгалхочун гIовса Хамидов Шемала билгалдоккху, Умаровн гергарчара хIинццалц схьа нийса тоьшаллаш дина хилар.

"Умаровца полкан декъа тIехь шаьш цхьанакхетарх а, цу чуьрчу хьолах а, йийбарх а, кабинеташчуьрчу интерьерах а ма-дарра дийцина цара. Карарчу заманчохь талламхойн шеконаш яц цара дуьйцучух, иштта Умаров лаьцначу хенахь полкан дозана тIехь латтор а бакъ ду", - аьлла ду кехата тIехь.

Къилбаседа Кавказерчу "Iазапна дуьхьало латторан Комитетан" офисан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс боху, тешийн мукIарло доцург, кхин хIун факташ ю Мовсар "Нефтеполкан"территори тIехь латтийна хиларх, талламхоша гIуллакх кхеле дIакховдийначул тIаьхьа бен юристийн аьтто хир бац хаа.

"Амма тхо реза ду, Талламан комитето бехкзуламан гIуллакхехь нийса позици лацарна, Оьрсийчоьнан Iедалхоша юьхьанца Европерчу адамийн бакъонийн кхеле бина хилла хаам харцбан кхера а ца кхоьруш. ТIедогIучу деношкахь оха Страсбурге делла арз кхин а тIечIагIдийр ду керлачу информацица. Оцу гIуллакхца доьзна Талламан комитетца юкъахь болх бийр бу оха", - аьлла, дIахьедина Пискуновс.

Умаров лецира цо болх бечу Соьлж-ГIалин центрерчу ресторанехь биъ бутт гергга хьалха. ШолгIачу дийнахь иза полицин декъехь хилар билгалделира гергарчарна. Цигахь цаьрга аьлла, YouTube машанехь оппозиционеран-блогеран Абдурахманов Тумсон видеоканале хьежарна лаьцна иза. Ткъа тIаьхьо доьза вайна лаьцнарг. Гергарчаьрга полицино, ша талламаш дIахьош, иза шен карара ваьлла, ведда, аьлла. Доьзална хетарехь, дийна вац Умаров.

Умаровн ненан лаамца айдина иза варах долу бехктакхаман гIуллакх. Адвокат ву доьзалан "Iазапна дуьхьалоечу комитетан" Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхо Пискунов Дмитрий. Цо тоьшалла дарца, цхьа наггахь бен ца гIаттадо Нохчийчохь доьза байначу нехан хьокъехь бехктакхаман дов, гIаттийча а, талламчаша бан ма-доггIу ца бо шайн болх. "Делахь а иза тоьлу хIумма а ца дечул, гарехь, Талламан комитет ша къахьоьгу аьлла гайта гIерта Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеланна хьалха", - боху Пискуновс.

  • Оьрсийчоьнан Iедало бакъ ца до Соьлжа-ГIалахь Умаров варна бехке ницкъхой я кхиболу Iедалхой хилар. Европан кхела хьалха Оьрсийчоьнан векалша дIахьедина, Умаров лаьцна а вац, я Соьлжа-ГIаларчу низамхойн дакъошка кхачийна а вац, аьлла.
  • Умаровн гергарчарна вевзина иза лачкъийначу нахах цхьаъ. Цара иза ву боху Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн гIовс Байтуев Мохьмад. Амма ша Кадыров Рамзана иза бакъ дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG