ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шо доладелчхьана Оьрсийчохь 37 бехктакхаман гIуллакх даьккхина ковидах фейкаш яржийначарна дуьхьал


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Доьду шо карадеачхьана Оьрсийчохь 37 бехктакхаман гIуллакх диллина яьржинчу коронавирусан пандемих фейкаш яржорна. Пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-центро бина и хаам, ТАСС агенталле.

"2020-чу шарахь йоллу Оьрсийчохь 37 зулам дина, харцдерг дуй хуушшехь, бахархойн дахарна а, кхерамзаллина а новкъарло ен информаци яржош", - аьлла ду хаамехь.

Зазадокху-беттан 1-чу дийнера схьа дуьйна чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло 450 протокол хIоттийна коронавирусах фейкаш зорбане яьхначарех.

Стохка юкъадаьккхира Оьрсийчохь фейкан хаамех низам. Ткъа карара шо долалуш Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Зуламан кодексехь хийцамаш тIечIагIбира, шайна хууш лаьтташехь харц информаци яржийначарна пхеа шаре гергга набахтехь яккха хан тоха могуьйтуш.

Кремлехьа болчу Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша дезинформаци яржайо коронавирусах лаьцна, Москва цатешам кхолла гIерта Европерчу бахархошна юкъахь, аьшнаш йо церан мидеицина, бохуш дIахьедира Зазадокху-баттахь ЕвроБертан куьйгалло. Британнера Financial Times а, The Telegraph а яра цунах лаьцна Европан арахьарчу зIенийн урхаллин хаам бовзуьйтург.

Дийцарехь, ингалсан, испанхойн, францойн, германхойн меттанашкахь яржайо Оьрсийчоьно харц информаци. Иштачу хаамех бу, ЕвроБертан векалша тоьшалла дарехь, лаххара а 80 хаам.

Москвара яьржа дезинформаци массех маьIнехь хуьлу, цхьаъ кхечуьнца а ца йогIуш – оцу массо а фейкин Iалашо ю информацин гIара эккхийта, бохура ЕвроБертан векалша.

ЕвроБертан арахьарчу зIенийн урхалла реза ца хилла шайн документ Reuters агенталлина тида. Амма цуьнан векало хаийтинера шен коллегаш уггаре яккхийчу IT-хьукматашца юкъарлонехь буйла, царех ю Google, Facebook, Twitter, Microsoft – оцу гиганташа аьтто бо ЕвроБертанна фейкаш билгалъяха.

ЕвроБерто дина и дIахьедар цхьа а бух боцуш ду, аьллера Кремлан пресс-векало Песков Дмитрийс. Байначу баттахь Оьрсийчоь фейкаш яржорна бехкейира Iамеркарчу даржахоша. ХIетахь и претензи «леррина чукхоьссина бакъдоцург ду» элира Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран пресс-векало Захарова Марияс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG