ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Оьрсийчохь 585 стаг велла коронавирусах


Яхначу буса а, дийнахь а Оьрсийчхь коронавирусан инфекцех кхелхина 585 дархо аьлла, шоьтан Iуьйранна хаам зорбане баьккхина ун ца даржийта вовшахтоьхначу оперативан штабо. Церан зерашца, эпидеми йолаелчхьана кхелхина уьнах 50 347 пациент.

Росстатан ларарца бIостане ду оперативан штабан жамIаш. Охан-баттера ГIадужу-батте кхаччалц кхелхина боху Росстато 78 эзар стаг. Дагардаран методологица доьзна ду аьлла, кхетадо цара шайн терахьаш цхьанацадар. Росстато шайн статистике оьцу ковид хьакхаелла, амма кхалхар кхечу лазаршца хилла пациенташ а. Иштта лору цара стаг веллачул тIаьхьа цуьнца инфекци хилар гучудалахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG