ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказера коронавирусан хьал: 29 дархо велла, ун даьлла 1 292 стагана


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан инфекцех велла 29 стаг, вирус къаьстина кхин а 1 292 стагаца.

Эпидемица къийсам латтон вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь цхьайтта дархо велла, Ставрополан махкахь ворхI, Дагестанехь пхиъ, Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а шишша, ГIебарта- Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а цхьацца велла коронавирусах.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах кхелхина пандеми йолаелчхьана 4 222 стаг. Къаьсттина дукха бу ун даьлларш тIаьхьарчу 24 сахьтехь Ставрополан махкхаь - 243 стаг.

Ставрополан мохк + 243 (32 166 ву эпидеми йолаелчхьана)
Краснодаран кIошт + 188 (25 482)
Дагестан + 153 (21 583)
Нохчийчоь + 140 (7 0I6)
ГIалмакхойчоь + 101 (13 541)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 101 (14 601)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 95 (14 026)
Адыгей + 95 (9 942)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 89 (10 955)
ГIалгIайчоь + 87 (11 078)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ун токхуш ву 160 390 стаг. Йоллу Оьрсийчохь билгалваьлла коронавирус кхетта хиларца, Iедалхойн терахьашца, 2 819 429 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG