ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ломан Карабахехь Оьрсийчоьнан эпсар велла


Шуша гIалина гергахь некъ минех цIанбечу заманчохь велла Дуьненаюкъарчу минашна дуьхьал лаьттачу центран эпсар аьлла, пIераскан дийнахь Iорабаьккхина хаам Оьрсийчоьнан тIеман министралло, яздо "Интерфаксо". Еза чевнаш йина эпсар лазартне вуьгучу хенахь велла, хаам бо министралло.

Цхьана дийнахь-буса Степанакертахь эккханза 1 200 мина карийнера Оьрсийчуьра бахначу машарбархошна аьлла, кху беттан 16-чохь дIахьедира тIеман министралло, минех 16 еакIо чакхарма латта цара дIацIандина хилар билгал а доккхуш.

Гезгамашин-беттан 27-чу дийнахь болийна тIом лаьттира Карабахехь Лахьан-беттан 9-чу дийне кхаччалц. Оьрсийчоьнан а, Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а лидерша Лахьан-беттан 9-чу дийнахь хааме даьккхира, Ломан Карабахехь тIом сацош барт хилла шайн аьлла.

Ломан Карабахехь йолчу Оьрсийчоьнан маслаIатан контингентана юкъахь ву 2 эзар гергга эскархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG