ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставропол-махкахь полисхо лаьцна стаг верах йолчу шеконца


Стаг верах йолчу шеконца лаьцна Ставропол-мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин экономикан кхерамзаллин урхаллера белхахо, хаам бо Regnum агенталло.

ГIура-беттан 12-чу дийнахь Ставрополерчу яхархочо арздина шен 29 шо долу воI варах лаьцна. Пхи де даьлча гIалин йистерчу хьуьнхахь вийна карийна жима стаг, коьртах тоьхначу герзо йина чов а йолуш.

Стаг верах долу гIуллакх айдина полисхочунна дуьхьал.

Зуламан бахьана цкъачунна хууш дац. "Кавказский узел" газето, Ставропол-махкарчу Талламан комитетерчу хьастанна тIе а товжуш бахарехь, полисхо лаьцна, дареш деш ву.

XS
SM
MD
LG