ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

23 стаг велла дийнахь-буса. Къилбаседа Кавказера пандемин хьал


ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь дIаваьлла коронавирус кхеттачу дархойх 23 стаг. Ун хьакхаделла кхин а 1262 стагах. Иштта бу Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаам.

Краснодар-махкахь COVID-19 кхетарца велла 10 вахархо. Ставропол-махкахь – 4, ГIалмакхойчохь, Дагестанехь, Адыгейхь – кхоккха. Пандеми яьржичхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла лору официало 4269 стаг.

Де-буьйсанан а, юьхаьнца дуьйна схьайохьуш йолу а статистика иштта ю:

  • Ставропол-мохк + 239 (32646)
  • Краснодар-мохк + 180 (25849)
  • Дагестан + 152 (21889)
  • Нохчийчоь + 139 (7298)
  • ГIалмакхойчоь + 97 (13741)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 100 (14801)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 92 (142I2)
  • Адыгей + 94 (10128)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 88 (10128)
  • ГIалгIайчоь + 81 (11245)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгарх хааелларг ву 162 940 стаг. Ерриг а Оьрсийчоьнан и терахь ду 2 877 727.*

*Оьрсийчоьнан Iедалан статистико юкъалоцу аннексий инчу ГIирмера хьал а.

XS
SM
MD
LG