ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Стаг леш ву, ткъа церан бала а бац". Набахтехь лелочу къизаллех дуьйцу нохчийн тутмакхо


Полисхо а вийна, зуламхойн тобанехь хилла ву аьлла, 2002-чу
шарахь Ростов гIаларчу Къилбан гонашкарчу кхело бехкевира 18
шо долу нохчо Дахтаев Iалбек. Кавказ.Реалиин корреспонденто яздо Дахтаевца лелочу хIуттаренех.

Шогачу хьелашарчу набахтехь даккха 25 шо хан тоьхна цунна.
Цул тIаьхьа 16 шо даьллачу хенахь Европерчу адамийн бакъонийн
кхело сацам арахецна, Дахтаевн гIуллакх толлучу юкъанна
адамийн бакъонех лаьттачу Конвенцин масех артикл йохийна
хиларх: къизаллаш цамагорах, нийса кхел яра, стеган дахар ларарх лаьтташ йолу. Оьрсийчоьнна 37 эзар евро компенсаци цунна дIаялар тIедожийна ЕСПЧ-н кхелахоша. Церан вердикт Iораяьллачул тIаьхьа кхин а тIе галделира колонехь волчу Дахтаевн хьал.

Мурманскерчу ИК-17 колонехь латточу цунна тIехь ницкъбо, сийсазво иза. Дахтаевс бакъоларъярхошка дIахьедина, набахтен хьаькамаша ша низамаш дохадо бохуш, харцо лелайо шеца, ша готтачу камера чохь латторхьама бохуш.

Стохка Зазадокху-баттахь, ЕСПЧ-н кхело шайн сацам арахецначул тIаьхьа, Дахтаев учоте хIоттийра, "терроран кепехь
зуламаш дийр долуш ву" аьлла.

"Шен даржах пайдаоьйуш, шегарчу бакъонел а сов вуьйлуш,
Денега Олега (колонин куьйгалхо.-Редакцин билгалдаккхар) соьца
хьагI лелайо, ас набахтерчу рожан низамаш ца лардо олий,
кехаташ вовшахтухий, шога хьелаш долчу камера чу вуллу со. Со
кхин а гена ваккхийтархьама, ша ницкъ мел берг дийр ду бохуш,
суна кхерамаш а туьйсуш, соьгара ахчанаш а доху цо", - боху
Дахтаевс бакъоларъярхошка бинчу кхайкхамехь.

"Муьлххачу а колонехь, я Оьрсийчоьнан регионехь, нагахь санна,
сан валар нислахь, ас дехар до цунна бехкевар Мурманскан
кIоштарчу таIзар кхочушдаран федералан урхаллан (УФСИН-ан)
белхахо Денега Олег. Цо йолийна харцо ю хIара. Иштта, ас бехкево
колонин ши белхахо, къизаллаш лелон Процкий а, Князькин а,
иштта, УФСИН-ан хьаькам Тарасов а, цуьнан пурба ца хилча лелор
яц оцу кепара къизаллаш",- аьлла, билгалдаьккхина Дахтаевс ша
динчу дIахьедарехь.

Оцу гIуллакхо терго тIеозийнашшехь, Дахтаевна гIоле яц, боху
бакъоларъярхочо Титиев Аюба.

"Оха цхьа могIа аьрзнаш дIакхачийна УФСИ-н администрацига,
амма цхьа лартIахь доцу жоьпаш догIу цаьргара. Низамашца
доцуш стагна таIзар дарал а совнах, набахтехь цунна тIехь Iазапаш ду латтош, - дуьйцу Титиевс. - Шен гергарчу нахаца зIене ца
волуьйту иза, почта хьейо, харцонца дуьхьалонаш латтайо цунна.
17 шерачохь цхьана а кепара терроран зуламаш дийр долуш хилла
воцу иза, Европан кхело сацам бовзийтинчул тIаьхьа,
профилактикан чоьте эцна иза. Кху шеран Мангал-баттахь мацалла кхайкхира цо, могушалла оьшуш йогIура цуьнан, хIетте а, колонин администрацино цхьана а агIор терго ца йора цуьнан. Цигахь стаг ву леш, такъа церан бала а бац. Ас дехарш а дина, юхаяккхийтира цуьнга кхайкхийна мацалла. Лийр вара иза, ишта эшна а вуьсуш. Иза набахтехь волчу заманчохь кхелхира цуьнан да, цунна тIаьххье нана а".

Лахьан-баттахь Дахтаев латтийначу ШИЗО-хь шийла а, тIуьна а
хиллера. Оцу тIехула цомгуш хиллера иза, чIагIдо "Гражданское
содействие" организацин адвокато Леткаускайте Лаурас.

"Къаьсттина цуьнца ИК-17 колонис а, УФСИН-о а лелочу гамонца
доьзна, Дахтаевс дуккха а аьрзнаш кхехьийтарна хIуьттарена
ледара хьелаш долчу чохь латтийнера иза", - боху Леткаускайтес.

Лоьраша Дахтаевн могушаллех хьовсучу заманчохь, дегIан йохо
37,4 хиллера, ткъа хIиттийначу кехаташ тIехь 37,0 аьлла, яздина.
Ткъа лоьро боху, "башхо яц цуьнан", дуьйцу адвокато.

"ТIаьхьо Дахтаевна хIун молханаш ду а, стенна яздина ду а ца
дуьйцуш, цхьа препараташ еллера лоьро", - боху адвокато.

Лахьан-беттан 13-чохь кхаа шарна Дахтаев кхечу набахте
дехьавоккхуш, кхел хила езаш яра. Амма, иза могуш воцуш
хиларна, цхьана ханна дIатеттинера.

Мурманскерчу ИК-17 колонин куьйгаллица зIене яла хьежира
Кавказ.Реалиин кореспондент, амма цара жоп ца делира
хеттаршна, "колонехь дерриг а дика ду" аьлла, къамел хадийра.
Ткъа Мурманскан кIоштан УФСИН-н пресс-центро телефон дIаеттарх жоп ца делира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG