ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь тIаьххьарчу меттехь ю пачхьалкхан цIарах ша оьцург гайтарца


Грозный в период пандемии
Грозный в период пандемии

Кхушара тIаьххьарчу, 84-чу меттехь ду, "Московский комсомолец" газето бечу хаамца, Нохчийчуьра Iедал ша оьцучух лаьцна бахархошна хаийтарехь.

Къайленехь дуьту эцарш Къилбаседа ХIирийчоьнан а (77-гIа меттиг), Ставропол-мехкан а (71-ра меттиг) Iедалша.

Къилбаседа Кавказерчу мехкийн хьаькамашлахь мехкан цIарах оьцург довзийтарца вон дац хьал ГIалгIайчохь (34-гIа меттиг). Дагестан ю 40-гIа, Кхарачой-Чергазийчоь – 62-гIа.

  • Нохчийчоьнан Iедало дIабахначу баттахь тендор кхайкхийра 9,6 млн соьманна махкахь куьйгалхо лаьттина Кадыров Ахьмад вазвеш арахецна мидалш а, орденаш а эца. Дерриг а оцу хьаштана Нохчийчоьнан Iедало шарахь дайъина 34,6 млн сом.
XS
SM
MD
LG