ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коммуналан хьаштех уггар беза мах лон регион хир ю Нохчийчоь


Керлачу шеран хьалхарчу дийнахь дуьйна тIекхеташ бу Оьрсийчохь коммуналан хьаштийн мах. Оьрсийчоьнан регионашна юкъахь уггар беза хир бу бахархоша коммуналах лучу ахчанан барам Нохчийчохь - 6,5%, хаам бо "Клуб регионов" сайто. Ткъа ерриг а пачхьалкхехь бестачу механ барам 4-5% бу.

Базлур бу тоьках а, йовхонах а, хих а, нехаш дIакхехьарах а луш болу мехаш.

  • Хьалхо хаам баржийра, петарийн-коммуналан бахаман тергояран Халкъан центро ("ЖКХ Контроль"), мехкашкахь сов дукха бу коммуналах ахча охьа ца дуьллу бахархой, аьлла. Адыгейхь а, Нохчийчохь а ял дIаялар лахделла 50%-на, Дагестанехь – 10%, Ставропол-махкахь – 25%, ткъа ГIалмакхойчохь – 60%.
XS
SM
MD
LG