ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан министрийн кабинетан гIишлонна гонахара нехаш дIаяха хьажийна 58 миллион сом


Нохчийчоьнан министрийн кабинето тендор кхайкхийна шен гIишлонна гонахара нехаш дIайохург. "Акценты" ресурсо бечу хаамца, аукционан юьхьанцара мах бу 58,2 миллион сом.

Пачхьалкхан контракт кхочуш йийр йолчо цIано латто еза цу гIишлонна гонаха(4,1 млн кв. м.), йила еза цIенойн лардаш, кораш, дIакхехьа еза нехаш, бордюрашна а, некъан тIулгашна а хьекха деза басарш, кира.

ХIара шо чекхдалале, йохк-эцаран сайто бахарехь, и тайпа белхаш министрийн кабинетан гIишлонна гонаха барна 52 миллион сом ду луш Соьлжа-ГIаларчу "Заря" фирмина.

  • Оццу кепехь эцарш деш, Нохчийчоьнан Iедало 10 миллион сом мах бу луш махкахь куьйгалхо лаьттинчу Кадыровн Ахьмадан цIарх йолу 30 орден а, мидал а эца.
XS
SM
MD
LG