ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пресса: Хангошвили Зеламха верна Оьрсийчоьнна санкцеш кхайкхор ю Германино


Хангошвили Зеламха вер луьсту кхело зулам Оьрсийчоьнера хилар къаьстийна яьллачул тIаьхьа Германин Iедало санцеш йохур ю Кремлана дуьхьал, хаам бо Lenta.ru интернет-газето, немцойн Der Spiegel журналана тIе а тевжаш.

"Iедалерчу хьасташа дуьйцу, Тиргартенехь стаг верца боьзна кхелан сацам арабаьллачул тIаьхьа Европан Бартаца цхьаьна керла санкцеш арахеца езаш хиларх лаьцна", - яздо газето.

ТIедогIучу шеран Зазадоккху-баттахь бан беза Хангошвили вер толлучу кхело шен сацам.

Стохка Марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинна юккъехь герз тоьхна вийра Хангошвили. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо. Цуьнан цIе немцойн Iедалхоша йоккхуш яц, делахь а, журналистийн хаамашца, Красиков Вадим ву иза.

Bellingcat-о а, The Insider-о а, Spiegel-о а бахарехь, Красиковна Хангошвили вуьйш гIодина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан ФСБ-н "Вымпел" декъехь болх бинчу Демьянченко Романа.

"Бандитийн къестамашкахь" нисделла цуьнан валар, элира президента Путин Владимира, Хангошвили верца боьзначу хааманна комментари еш.

XS
SM
MD
LG