ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буденновскерчу рейдехь дакъалацарна 12 шо хан тоьхна нохчийн тIемалочун


Ростоврчу Къилба гонан тIеман кхело Даудов Асланна 12 шо хан тоьхна набахтехь яккха, 1995-чу шарахь Буденновскерчу рейдехь дакъалацарна, хаам бо "Интерфаксо".

Талламо бахарехь, нохчийн тIеман баьччин Басаев Шемилан тобанца закъалтхой лоцуш а, латтош а цо дина "терроризм" олу зулам, декъахь хилла иза адамаш дойъучу операцин.

Даудов къерахилла ша масех зулам дарна – бандитизм, стаг вадор, терроран тохар дар, ша дийриг а кхетош, адамаш дайъарна, аьлла бу кхелан сацам.

  • 1995 шарахь Басаев Шемил коьртехь волчу тIемалойн тобано дIалецира Буденновск гIалара дарбан хIусам. Хиллачу герзашдеттарехь вийра 129 стаг, 300 сов адам чевнаш йина вара.
XS
SM
MD
LG