Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо къобалдина оперативан-талламан болх бийца а, ницкъхойн дахарх лаьцна информаци яржор а доьхку низам. Мегаш дац оцу белхахойн а, эскархойн а дахар хьахо, церан хьал довзийта, хаам бо "Карарчу Хено" ("Настоящее время").
Пачхьалкхо оцу кепехь Iалашбан къастийначийн го шуьйрра бу: эскархой, кхелахой, прокурораш, полисхой, ФСБ-н белхахой, Росгвардин а, Талламан комитетан а белхахой а, арахьара хьал толлу иччархой а.
ХIинццалц лелачу низамо доьхкура и тайпа информаци яржор, нагахь санна цо буьйцучу нехан дахарна кхерам бохьуш белахь, ткъа хIинца маггане а ца магадо церан дахар, хьал халкъанна довзийта.
Оцу могIарара информаци йовзийла ду шена эскархочунна я полисхочунна иза лууш делахь я коррупцина духьалоечу хьукматашна, талламна, кхелашна эшахь.