ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра схьаваьлла стаг Москвахь полицин подполковниках латар ду толлуш


Москварчу Коньково кIоштахь меттигерчу полицин куьйгалхочун гIовсах летта цIера Нохчийчуьра волу вахархо. Иза нисделла оцу жимачу стага меттигерчу клубехь даьккхина дов листа полици еъча, хаам бо РБК-но.

Агенталлин хьасташа дийцарехь, цо "бар чохь гIурт баржийна, ха дечу нахах летта, шишанаш лестийна хьешашна тIе".

Дов листа баьхкина хилла полисхой, коьртехь подполковник Гриднев Алексей а волуш.

"Зуламхочо тIехьашхула тIехьаьдда, тоьхна, коьртара куй божийна полисхочун", - яздо агенталло.

"Iедалан векална гIелояр" олучу бехканна гIуллакх айдина Талламан комитето.

XS
SM
MD
LG