ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 26 вахархо, цамгар кхетта кхин а 1304-нна


Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, 26 пациент кхелхина Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь, цомгуш хилла кхин а 1304 стаг.

Уггаре дукха нах белла коронавирусах, статисташа бахарехь, Краснодар-махкахь – 13 стаг. Дагестанехь кхелхина - 5, ГIалмакхойчохь – 4, ГIалгIайчохь – 3, ГIебарта-Балкхаройчохь – 1.

Пандемин муьрехь верриг а Къилбаседа Кавказехь велларг ву, Iедалан хаамашца, 4326 стаг.

ТIаьххьарчу дийнан а, юьхьанца схьа а долчу барийн терахьаш иштта ду:

  • Ставропол-мохк + 244 (33130)
  • Краснодар-мохк + 188 (26224)
  • Дагестан + 158 (22202)
  • Нохчийчоь + 146 (7587)
  • ГIалмакхойчоь + 110 (13953)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 101 (15004)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 91 (14396)
  • Адыгей + 90 (10313)
  • ГIалгIайчоь + 88 (11424)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 88 (11306)

Юьхьанца дуьйна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар кхетта, статистикан терахьашца, 165 539 стаганна. Ерриг Оьрсийчохь и терахь 2 933 753 ду. *

*Оьрсийчоьно шен статистиканна юкъалоцу аннекси йинчу ГIирмера хьал а.

XS
SM
MD
LG