ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь лаьцна 71 шо долу адвокат. Наркотикаш лелорна бехкево иза


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Мараков Сергей, 71 шо долу адвокат, лаьцна могIарчу нехан духарахь хиллачу полисхоша Соьлжа-ГIалахь. Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиига хаам баийтина цуьнца цхьаьна болх бечу адвоката Кравченко Максима.

Кравченкос бахарехь, юхьанца Мараков харцхьа леларна бехкевина, юха – нарокотикаш лелорна, къомал узуш хиларна.

"Медикашка таллийтина, лоцучу хенахь иза маларх кхетта хилла, амма ца карийна цуьнан цIийца цхьа а наркотик", - боху Кравченкос.

Цунна хетарехь, адвокат лаьцна цо бечу балхаца доьзна.

Соьлжа-ГIаларчу Ленинан кIоштан кхело 10 де-буьйса изоляторехь латто къастийна хилла Мараковна. И хан чекхъяьлча, дIа ца хецна лаьцначуьра. Болчу хаамца, наркотикаш лелорна бехктакхаман гIуллакх айдина адвокатна дуьхьал.

Мараков алссам зеделларг долуш адвокат ву, цо маьхза гIуллакхаш дора Нохчийчуьрчу бахархошна, 71 шо долу стаг наркотикех бахьана а дина лацар – иза "лартIахь доцург ду", – аьлла хета кхечу адвокатна Шевчук Анатолийна.

Кавказ.Реалиин аьтто ца белира сихха Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхаллера Мараков лацаран хьокъехь комментари хаза, жоп ца делира цига йиттинчу телефонаша.

XS
SM
MD
LG