ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыров къастор башха товш дац". Путин а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун арахьара политика а


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Кхечу регионийн куьйгалхоша бечу балхаца дуьстина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хIора шарахь хIотточу пресс-конференцехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Гергарчу Малхбалехь хьоьгуш долу къа.
Путине хаттар делла нохчийн журналисташ, цуьнгара кхечу жоьпе сатуьйсуш хиллачух тера дара.

Президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дуьхьало ешшехь, Соьлж-ГIаларчу "Вайнах" телеканалан корреспонденто Мусаева Мадинас Путине ши хаттар делира. Ший а Кадыров Рамзана доьзна дара. Амма Путина къаста ца вира иза, санкцех дуьйцуш а, Iарбойн пачхьалкхашца Оьрсийчоьнан зIенаш шоръяларх хьахош а, ур-атталла.

"Оьрсийчоьнан кхечу регионийн куьйгалхоша а санна, дакъалоцу Кадыровс оцу гIуллакхехь. Ма-дарра аьлча, арахьарчу политикан урхалла деш арахьарчу гIуллакхийн министралла ю, ткъа регионаша мехала дакъа лоцу министраллана гI деш. Iарбойн дуьненах дерг аьлча, доллу исламан дуьненах дийца даьккхича, оцу организацешца вайн дIатасаелла юкъаметтигаш ю. Организацешца а, пачхьалкхашца а", - аьлла Путина.

"Ларамза" дицделла хуьлийла дуй-те президентна Iарбойн мехкашка Кадыровн лестарх а, цигарчу пачхьалкхийн куьйгалхошца цуьнан хилла цхьанакхетарех а. Стенца доьзна ду-те, Кадыровс арахьарчу политикан гIуллакхехь жигаралла гайтар кхечу губернаторшца цхьана тIекъане диллина хьахор?

ХIун дара-те цунна бухадиллинарг Путина, оцу хаттарна жоп доьхучу хенахь, президенте шега хатта деза боху Оьрсийчоьнан Iилманийн академин лаккхара белхахочо Рощин Михаила, Кавказ.Реалиица шен хиллачу къамелехь.

"Нохчийчуьрчу журналистан бакъо яра шен хаттар дала. Мел хIуъа дийцича а, Кадыров тоххара а цига кест-кеста лелла ву, цу мехкашкахь цунна езаелла меттигаш а ю. Вуьшта аьлча, юкъаметтигаш йоллу Гергарчу Малхбаленца тийсина яц цо, шена товш болчу нахаца бен", - боху Рощина.

Оьрсийчоьнан интересаш ю Гергарчу Малхбалехь, амма Кадыровс цигахь кхочушйо еккъа шен амбицеш, дагатуьйсу Iилманчас.
"Бусулбачун цхьа къегина позици йолу лидер санна ша гайта хьийза Кадыров", - бохуш, кхетадо эксперто.

Лаа дацара шен къамелехь Путина арахьара политикан зIенаш кхион декхар долу арахьарчу гIуллакхийн министралла хьахор, тергам тIеуьйзу Рощина. Оьрсийчохь Кадыров муьлххачу даржехь велахь а, "Iарбойн дуьненахь ларамца тIеоьцу иза", чIагIдо къамел дечо: "Иза -керла, официалехь воцу эмиссар ву. Хийца амал доцу стаг ву иза, эра дара ас".

Арахьарчу политикана Кадыров юкъагIоьртина масех инцидент дагатосу Рощина. Царех цхьаъ яра Украинех хьакхалуш, Lifenews гIирсаца болх беш хилла оьрсийн журналисташна экстрадици йойтуш цуьнан гIо дан аьтто баьллачу хенахь. ШолгIа - Шемара бераш цIадерзош.

"ИГИЛ-е шен векалш хьийсабора цо, - боху Рощина. - Арахьарчу гIуллакхийн министралла яцара хIетахь и гIуллакх дийриг. Я кхечу регионийн векалш а бацара". Шен къамел дерзош боху эксперто, "Кадыров массарна а юкъара къастор - башха товш хир дацара".

"Кхечарначул а алсам могуьйту Кадыровна"

Билггал Путинан а, Кадыровн а юкъаметтигаш хийцаелла хила там бара бохуш, шеконаш хила тарло аьлла, хета Чехерчу Карловн университетан профессорна, Къилбаседа Кавказан экспертна Сулейманов Эмильна.

"Вайна цкъа ца хаьа, Кремло шен Нохчийчоьнан лидере йолу юкъаметтигаш муха хуьйцур ю, нагахь санна, цкъа мацца а хийцахь а, - боху Сулеймановс. - Ма-дарра дерг муха ду хьуна аьлча, Путина гуттар а озабезамаш латтабо Кадыровца. Цу шиннан юкъаметтиг чIогIа ю, иштта атта йохалур йоцуш. Путинна Кадыров тешаме мел ву а, Путина шена тIедуьллург цо кхочуш мел до а, политикан фигура санна, Кадыров лаьттар ву".

Иштта Сулеймановна хета, ша хаттар лучу заманчохь журналистан Мусаева Мадинин Iалашо яра Оьрсийчоьнца цхьана Кадыровс Iарбойн дуьненахь йоккха рол ловзайо аьлла, билгалдаккха. Амма, кхузахь Путин "кхачо йоллуш тIе ца тайра Кадыровна".

"Доккхачу декъанна, и стенна дира аьлча, федерацин субъекташ арахьарчу политикана юкъагIерта ца езарна - Москвана хетарг иштта ду. Амма и дагадаийтар шалхачу маьIнехь дацара: Кадыровна кхечарначул а алсам могуьйту. Иза ишта дац Путина а ца боху", - дуьйцу Сулеймановс.

Шен телеграм-каналехь Кадыровс комментари йира Путина аьллачунна. Цхьана политикан йоцу юкъаметтигаш ю шен аьлла, карла а доккхуш, цо дIахьедира, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллаца "чIогIа юкъаралла" а ду шен латтош аьлла.

"Оьшуш меттиг хилча, сайн доттагIаллийн уьйрех пайдаоьцу аса, цхьа проблеме ситуаци хIоьттинехь, иза ерзорехь сайгара гIо а кховдадо. Шемара тхан махкахой а, Беларусин Ливера бахархой а, "Механик Чеботарев" олучу танкеран экипажан декъашхой а, LifeNews гIирсан журналисташ а Украинера цIаберзош а гIо лецира ас. Иштта, ши эзар гергга Оьрсийчоьнан бахархой пандеми йоьдучу юкъанна Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь бисича а орцах велира со. Иштачу меттигашкахь сайн уьйрех пайдаоьцу аса, процесс сихъярхьама. Вуьшта аьлча, тхо ца хилча а дика ларош схьайогIу шайн декхаршца Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралла", - дIахьедира Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG