ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Грозев: Цхьана хенахь Соьлжа-ГIала бахана а лелла Навальныйна дIовш делла ФСБ-хой


Грозев Христо, Bellingcat
Грозев Христо, Bellingcat

Информаци зуьйчу Bellingcat тобан декъашхочо, Навальный Алексейна дIовш далар толлучу Болгарерчу журналиста Грозев Христос ша "Медуза" ресурсаца къамел деш хаийтина оппозиционеран духарна тIе кхераме коьчал хьаькхна ФСБ-нера тоба кхечу зуламийн декъахь а хила тарло аьлла.

Грозевс бахарехь, изза тоба цхьана яхна лелла БуьритIехь а, Соьлжа-ГIалахь а. "Хуьлийла дац оццул беза говзанчаш деккъа дIа цхьа Навальный бахьанехь вовшахтохар", - билгалдаьккхира журналиста. Цунна хетарехь, оцу тобан цхьана меттера кеманашца кхечу метте дIасаэхар доьзна ду "Iалашонехь кхин нах а" хиларца.

Грозевс хаийтина Bellingcat тобано и гучуяьлла ФСБ-н тоба зуьйш хилар, журналисташна хаа лаьа, масала, декъахь ю иза я яц Кара-Мурза Владимир а, Верзилова Петр а дIовш делла веран.

Деношкахь Навальный Алексейс интернетехула довзийтина ша ФСБ-н белхахо Кудрявцев Константин ву аьлла билгалваьллачу стагца телефонехула дина къамел. Навальныйс пайдаэцна лерринчу программех, цундела цуьнца къамел дечунна моьттина шега белхан зIенехула луьйшверг «лакхара» хьакам ву. Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун Патрушев Николайн гIоьнча Устинов Максим ша волчуха дина оппозиционеро ФСБ-хочуьнга хеттарш, муха, стеннна ца баьлла Навальный вен аьтто бохучун хьокъехь. Къамелдийриг къера хилла яхначу аьхка ФСБ-н ницкъаша Навальныйна дIовш делла хиларх, цунна хетарехь, «вала везарг» кема лелочара сов сиха охьавоссийна, дарбан цIийне кхачор бахьана долуш дийна висина. Кудрявцев ву бохучо дийцарехь, Навальныйн чуьрачу духарх хьаькхна хилла дIовш.

Кудрявцевца дина къамел «вовшахтоьхна», доцчух хIоттийна ду аьлла ФСБ-но. Кремло бакъ ца до Навальныйна дIаьвшаца вен гIортар. Президента Путина элира хьалхо: оппозиционер вен лиинехь, "гIуллакх тоххара чекхдаьккхина хир дара".

XS
SM
MD
LG