ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Банк ядийначех шолгIаниг а лаьцна Краснодарехь


Краснодарехь банк яхьарца доьзна шеконехь волу шолгIа стаг лаьцна, полисхошна тIелатарна а во иза бехке, хаамбо "Интерфаксо".

Сатосучу хенахь вевзаш воцчу кхаама, нехан ВАЗ машен а ядийна, лачкъийна Краснодарерчу банкехь лаьтта ахчан терминал.

ГIалин цхьана урамехь ган а гина, сацийна полисхоша зуламхошкара машен. Тапча йиттина къолахоша дуьхьал, лазийна цхьа Iедалхо.

Банканна тIелеттачех цхьаъ герз диттинчу меттигна гена доццуш лаьцна хилла, шиъ ведда, ткъа дIатесначу машена чохь карийна лачкъийна ахчан терминал.

XS
SM
MD
LG