ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 29 пациент велла коронавирусах, цомгуш хилла кхин а 1296 вахархо.
Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу оперативан штабан хаамца, Краснодар-мохк бу уггаре дукха уьнхой белларг – 13 стаг. Ставропол-махкахь кхелхина 7, Дагестанехь – 4, Кхарачой-Чергазийчохь – 3 ГIебарта-Балкхаройчохь – 2.
Iедалана статистикаца, пандеми йолаечхьана схьа Къилбаседа Кавказехь верриг а велларг ву 5663 стаг.
Дийнахь-буса а, юхьанца схьа а коронавирусах цомгуш хилларш:
- Ставропол-мохк + 243 (33615)
- Краснодар-мохк + 186 (26595)
- Дагестан + 157 (22516)
- Нохчийчоь + 142 (7870)
- ГIалмакхойчоь + 107 (14175)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 100 (15206)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 92 (14578)
- Адыгей + 90 (10494)
- ГIалгIайчоь + 90 (11606)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 89 (11485)
Къилбаседа Кавказехь официалехь цомгуш хилла лору пандемин муьрехь уьнах 168 140 вахархо. Ерриг а Оьрсийчоьнан терахь - 2 992 706.*
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена юкъалоцу аннекси йина ГIирма а.