ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Федерацин Кхеташоно магадо хьукматаш «арахьара агент» статусе яха


Тахана Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташоно шен гуламехь къобалдина юкъараллехь политика юьйцу юридикан хьукмат ларалуш йоцу цхьаьнакхетараллаш а, бахархой а "кхечу пачхьалкхан аьттонна" я дуьненаюкъарчу хьукматашна лерина Оьрсийчоьнан тIеман ницкъех лаьцна информаци гулъеш а, кхечу пачхьалкхера ахча оьцуш а белахь, арахьара агенташ лара магош долу низам.

"Арахьара агент" статус яла тардо гуламашка, адамашна хьалха Iедалан политика йийца арабевлла нах а, цара нагахь санна иза "кхечу пачхьалкхан дуьхьа" деш делахь.

Оццу низамца дозалуш кхин цхьа низам а тIеэцна. Цо 5 шаре кхаччалц набахтехь такха хан къастайо "арахьарчу агенташна", цара шаьш оцу категоре яздар Iедале ца дехнехь а, шаьш бечу балхах информаци чу ца еллехь а. "Арахьара агент" лоручу прессин белхахошна а тоха магадо ши шо набахтехь даккха, и тайпа гIалат шайгара далийтича.

"Арахьарчу агентех" долу низамаш юкъараллин критикна кIел ду кху дерриг а шарахь. Цара кхерамна бухахьо Оьрсийчуьра демократи, бахархойн маршонаш, тешна бу юристаш а, бакъоларъярхой а, халкъалара жигархой а.

XS
SM
MD
LG