ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нах видеокамерашца тергалбарца кхоалгIачу меттехь ю Оьрсийчоь


Информацин-аналитикан TelecomDaily агенталло бинчу талламаша бахарехь, Оьрсийчоь ю видеокамерашца нах уггаре чIогIа тергалбечу кхаа пачхьалкхах, яздо РБК-но.

Массанхьачул дукха видеокамераш ехкина Китайхь – 200 миллион, цул тIаьхьа ю Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ – 50 миллион.

Германехь 5,2 миллион видеокамераш лаьтта, пхиппа миллион ю уьш Японехь а, Британехь а.

TelecomDaily агенталлин талламо гойту Оьрсийчохь уггаре дукха видеокамераш хIиттийнарш коммерцин хьукматаш хилар – ах сов. Къоланаш, зуламаш шайна кIезиг дайтархьама йохку цара уьш. 33% камераш лаьтта Iедалан цIарх школашкахь, урхаллашкахь, некъаш тIехь, дарбан хIусамашкахь. 9% гергга Оьрсийчуьра камераш лаьтта доларчу цIеношкахь.

XS
SM
MD
LG