ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзанан 15 шо кхаьчначу кIентан цIе тиллина спорткомплексна


Куьрчалан кIоштарчу БIаьчи-Юьртахь шина гIаттах лаьтта спорткомплекс йиллина, Кадыров Рамзанан воккхаволчу кIентан цIе а туьллуш.

"Кадыров Ахьмад – «Ахмат» клубехь кхиина спортхо ву, кхиина дуьненаюкъарчу турнирашкахь дакъалаца а. Цкъа а эшна вац иза. Спорт лелийна ца Iаш, Ахьмада дин а Iамадо, дика хаарш а гойту. Шен нийсархошна масалш гойту цо", - боху "Грозный" телеканалан сюжето.

"Оха баркалла олу Кадыров Ахьмадан цIарх спорткомплекс йилларна Кадыров Айманина а (Нохчийчоьнан куьйгалхочун нана, Кадыров Ахьмадан-воккхачун цIарх йолчу фондан президент – ред.), Кадыров Рамзанна а", - аьлла Куьрчалан кIоштан администрацин куьйIгалхочо Ирасханов Асламбека.

XS
SM
MD
LG