ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хиламийн кIира: Оьрсийчоь видеокамерашца тоьлла, Нохчийчоь - къайленаш хьулъярца


ГIуран-бутт, 21, оршот

Нохчийчуьрчу Iедалан "къайленаш"

Регионашлахь тIаьххьарчу 84-чу меттехь ду кхушара, "Московский комсомолец" газето бечу хаамца, Нохчийчуьра Iедал ша оьцучух лаьцна бахархошна хаийтарехь. Къайленехь дуьту цо ша-шена ден диканаш.

Къилбаседа Кавказерчу мехкийн хьаькамашлахь мехкан цIарах оьцург довзийтарца вон дац хьал ГIалгIайчохь (34-гIа меттиг). Дагестан ю 40-гIа, Кхарачой-Чергазийчоь – 62-гIа.

Нохчийчоьнан Iедало дIабахначу баттахь тендор кхайкхийра 9,6 млн соьманна махкахь куьйгалхо лаьттина Кадыров Ахьмад вазвеш арахецна мидалш а, орденаш а эца. Дерриг а оцу хьаштана Нохчийчоьнан Iедало шарахь дайъина 34,6 млн сом.

Коммуналан массанхьачул а беза болу мохк - Нохчийчоь

Керлачу шеран хьалхарчу дийнахь дуьйна тIекхеташ бу Оьрсийчохь коммуналан хьаштийн мах. Оьрсийчоьнан регионашна юкъахь уггар беза хир бу бахархоша коммуналах лучу ахчанан барам Нохчийчохь - 6,5%, хаам бо "Клуб регионов" сайто. Ткъа ерриг а пачхьалкхехь бестачу механ барам 4-5% бу. Базлур бу тоьках а, йовхонах а, хих а, нехаш дIакхехьарах а луш болу мехаш.

ГIуран-бутт, 22, шинара

Хангошвили Зеламха вер бекхам боцуш дуьсур дац

Хангошвили Зеламха вер луьстучу кхело зулам Оьрсийчоьнера дуйла къаьстийна яьлча, Германин Iедало санцеш тухур ю Кремлна, хаам бо немцойн Der Spiegel журналана тIе а тевжаш. ТIедогIучу шеран Зазадоккху-баттахь бан беза Хангошвили вер толлучу кхело шен сацам.

Стохка Марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинна юккъехь герз тоьхна вийра Хангошвили. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо. Цуьнан цIе немцойн Iедалхоша йоккхуш яц, делахь а, журналистийн хаамашца, Красиков Вадим ву иза. Bellingcat-о а, The Insider-о а, Spiegel-о а бахарехь, Красиковна Хангошвили вуьйш гIодина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан ФСБ-н "Вымпел" декъехь болх бинчу Демьянченко Романа.

"Бандитийн къестамашкахь" нисделла цуьнан валар, элира президента Путин Владимира, Хангошвили верца боьзначу хааманна комментари еш.

Буденновскерчу рейдехь дакъалацарна – набахтин 12 шо

Ростоврчу Къилба гонан тIеман кхело Даудов Асланна 12 шо хан тоьхна набахтехь яккха, I995-чу шарахь Буденновскерчу рейдехь дакъалацарна. Талламо бахарехь, нохчийн тIеман баьччин Басаев Шемилан тобанца закъалтхой лоцуш а, латтош а цо дина "терроризм" олу зулам, декъахь хилла иза адамаш дойъучу операцин.

  • 1995 шарахь Басаев Шемил коьртехь волчу тIемалойн тобано дIалецира Буденновск гIалара дарбан хIусам. Хиллачу герзашдеттарехь вийра 129 стаг, 300 сов адам чевнаш йина вара.

ГIуран-бутт, 23, кхаара

"Политикан бала болу" нах - набахте

Кхаарин дийнахь Пачхьалкхан Думо тIеэцна юкъараллехь политика юьйцу юридикан хьукмат ларалуш йоцу цхьаьнакхетараллаш а, бахархой а "кхечу пачхьалкхан аьттонна" я дуьненаюкъарчу хьукматашна лерина Оьрсийчоьнан тIеман ницкъех лаьцна информаци гулъеш а, кхечу пачхьалкхера ахча оьцуш а белахь, арахьара агенташ лара магош долу низам. Оццу низамца дозалуш кхин цхьа низам а тIеэцна Думехь.

Цо 5 шаре кхаччалц набахтехь такха хан къастайо "арахьарчу агенташна", цара шаьш оцу категоре яздар Iедале ца дехнехь а, шаьш бечу балхах информаци чу ца еллехь а. "Арахьара агент" лоручу прессин белхахошна а тоха магадо ши шо набахтехь даккха, и тайпа гIалат шайгара далийтича.

ГIуран-бутт, 24, еара

71 шо долу адвокат "наркотикаш лелорна" лаьцна

Мараков Сергей, 71 шо долу адвокат, лаьцна могIарчу нехан духарахь хиллачу полисхоша Соьлжа-ГIалахь. Оцу хьокъехь хаам бина цуьнца цхьаьна болх бечу адвоката Кравченко Максима. Цо бахарехь, юхьанца Мараков харцхьа леларна бехкевина, юха – нарокотикаш лелорна, къомал узуш хиларна. "Медикашка таллийтина, лоцучу хенахь иза маларх кхетта хилла, амма ца карийна цуьнан цIийца цхьа а наркотик", - боху Кравченкос. Цунна хетарехь, адвокат лаьцна цо бечу балхаца доьзна.

Мараков алссам зеделларг долуш адвокат ву, цо маьхза гIуллакхаш дора Нохчийчуьрчу бахархошна, 71 шо долу стаг наркотикех бахьана а дина лацар – иза "лартIахь доцург ду", – аьлла хета кхечу адвокатна Шевчук Анатолийна.

Грозев Христо: Соьлжа-ГIала бахана а лелла Навальныйна дIовш делла нах

Информаци зуьйчу Bellingcat тобан декъашхочо, Навальный Алексейна дIовш далар толлучу Болгарерчу журналиста Грозев Христос ша "Медуза" ресурсаца къамел деш хаийтина оппозиционеран духарна тIе кхераме коьчал хьаькхна ФСБ-нера тоба кхечу зуламийн декъахь а хила тарло аьлла. Цо бахарехь, изза тоба цхьана яхна лелла БуьритIехь а, Соьлжа-ГIалахь а. "Хуьлийла дац оццул беза говзанчаш деккъа дIа цхьа Навальный бахьанехь вовшахтохар", - билгалдаьккхира журналиста. Цунна хетарехь, оцу тобан цхьана меттера кеманашца кхечу метте дIасаэхар доьзна ду "Iалашонехь кхин нах а" хиларца.

Деношкахь Навальный Алексейс интернетехула довзийтина ша ФСБ-н белхахо Кудрявцев Константин ву аьлла билгалваьллачу стагца телефонехула дина къамел. Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун Патрушев Николайн гIоьнча Устинов Максим ша волчуха дина оппозиционеро ФСБ-хочуьнга хеттарш, муха, стеннна ца баьлла Навальный вен аьтто бохучун хьокъехь. Къамелдийриг къера хилла яхначу аьхка ФСБ-н ницкъаша Навальныйна дIовш делла хиларх, цунна хетарехь, «вала везарг» кема лелочара сов сиха охьавоссийна, дарбан цIийне кхачор бахьана долуш дийна висина. Кудрявцев ву бохучо дийцарехь, Навальныйн чуьрачу духарх хьаькхна хилла дIовш.

ГIуран-бутт, 25, пIераска

Мила вац хIинца «арахьара агент»?

Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташоно къобалдина юкъараллехь политика юьйцу юридикан хьукмат ларалуш йоцу цхьаьнакхетараллаш а, бахархой а "кхечу пачхьалкхан аьттонна" я дуьненаюкъарчу хьукматашна лерина Оьрсийчоьнан тIеман ницкъех лаьцна информаци гулъеш а, кхечу пачхьалкхера ахча оьцуш а белахь, арахьара агенташ лара магош долу низам. "Арахьара агент" статус яла тардо гуламашка, адамашна хьалха Iедалан политика йийца арабевлла нах а, цара нагахь санна иза "кхечу пачхьалкхан дуьхьа" деш делахь.

Оццу низамца дозалуш кхин цхьа низам а тIеэцна. Цо 5 шаре кхаччалц набахтехь такха хан къастайо "арахьарчу агенташна", цара шаьш оцу категоре яздар Iедале ца дехнехь а, шаьш бечу балхах информаци чу ца еллехь а. "Арахьара агент" лоручу прессин белхахошна а тоха магадо ши шо набахтехь даккха, и тайпа гIалат шайгара далийтича.

Оьрсийчоь – видеотергаман рекордсмен

Информацин-аналитикан TelecomDaily агенталло бинчу талламаша бахарехь, Оьрсийчоь ю видеокамерашца нах уггаре чIогIа тергалбечу кхаа пачхьалкхах, яздо РБК-но. TelecomDaily агенталлин талламо гойту Оьрсийчохь уггаре дукха видеокамераш хIиттийнарш коммерцин хьукматаш хилар – ах сов. Къоланаш, зуламаш шайна кIезиг дайтархьама йохку цара уьш. 33% камераш лаьтта Iедалан цIарх школашкахь, урхаллашкахь, некъаш тIехь, дарбан хIусамашкахь. 9% гергга Оьрсийчуьра камераш лаьтта доларчу цIеношкахь.

ГIуран-бутт, 26, шотт

"Спутник V" вакцина тухур ю 60-ннал сов шераш долучарна

Оьрсийчоьнан могашаллин министралло 60 шарал сов хан йолчу наханна, коронавирусах уьш Iалашбеш, тоха магийна пачхьакхехь кхоьллина "Спутник V" вакцина. Ун кхетча, баларна кхерам алсам болчу категорина Москвахь вакцинаци йолийна карарчу беттан юьххьехь. Хьалхо могашаллин министра Мурашкос бохура, 500 эзар дакъа вакцина кечйина Оьрсийчоьнан регионашка дIасахьажо. Цо бахарехь, 300 эзар дакъа вакцина дIахьажийна Аргентине.

Амма ша Оьрсийчохь, Цхьаьнатоьхначу Штаташца а, Британица а дуьстича, дуккхаза а лахара ду бахархошна вакцинаци яран болар, ца туху молха дийнахь масех эзар стаганна бен. Ткъа коронавирус кхета Оьрсийчохь дийнахь лаххара а 29 эзар вахархочунна. Верриг а цунах цомгуш хилларг ву 3 миллион сов вахархо, царех таханенна дарбан хIусамийн тергонехь 550 эзар гергга стаг а волуш.

2020-чу шеран статистико гайтарехь, кхушара Оьрсийчохь баларш ду кху тIаьххьарчу хIора 9 шарахь хиллачел а лакхара.

Кхин а цхьана Кадыров Ахьмадан цIе тахка йолийна Нохчийчуьрчу объекташна

Куьрчалан кIоштарчу БIаьчи-Юьртахь шина гIаттах лаьтта спорткомплекс йиллина, Кадыров Рамзанан воккхаволчу кIентан (Кадыров Ахьмадан) цIе а туьллуш.

"Кадыров Ахьмад – «Ахмат» клубехь кхиина спортхо ву, кхиина дуьненаюкъарчу турнирашкахь дакъалаца а. Цкъа а эшна вац иза. Спорт лелийна ца Iаш, Ахьмада дин а Iамадо, дика хаарш а гойту. Шен нийсархошна масалш гойту цо", - боху "Грозный" телеканалан сюжето.

ГIуран-бутт, 26, кIиранде

Нохчийчуьрчу тIамах йолу видеош гайтар - "къизаллин пропаганда"

Associated Press агенталло Нохчийчохь тIом боьдуш яьккхина 4 видео бахархошна хьажа дихкина Нальчикерчу гIалин кхело. Журналистийн материалаш "къизалла яржош" ю боху сацамо, хаамбо "МБХ медиа" ресурсо. Хьажа доьхкучу видеорепортажашлахь ю 1995-чу шарахь федералан эскархой йийсаре беш гойту материал.

Нохчийн тIемалоша лаьцна волчу ГРУ-н майора Морозов Игора шеца а, ша санна йисарехь болчаьрца а "цецваллал дика бу" шаьш лецнарш боху. Оцу видеоне Ютубехула хьажна ши миллион гергга стаг. Оцу могIарара ю важа кхо видео а. Кхелан сацамо бахарехь, оцу видеоша "нах низамна дуьхьал зуламаш даре кхойкху", уьш бахаьнехь хила тарло "социалан, экономикан зенаш", цара талхайо "Конституцино низамечу пачхьакхехь адамашна луш йолу бакъонаш".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG