ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Песков: коронавирусана дуьхьал маха тохийта дагахь ву Путин


Путин Владимир
Путин Владимир

Коронавирусана дуьхьал йолу «Спутник V» вакцина яйта дагахь ву шена Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир аьлла, дIахьедина Кремлан официалан векало Песков Дмитрийс дахначу кIирандийнахь. Азаттык Радионо бина и хаам.

Де хьалха Оьрсийчоьнан могушалла Iалашъяран министралло 60 шарал тIехбевллачу бахархошна магийна пачхьалкхехь кечйинчу вакцинах пайда эца. Министраллан дIахьедарца, оцу хенара болчу нахана юкъахь 90 проценте ю оцу молханан эвсаралла. Путинан 68 шо ду.

Карарчу беттан 17-чохь хиллачу пресс-конференцехь Путина элира, "массо а формалан хIума" кхочушдинчул тIаьхьа, маха тохуьйтур бу ша аьлла.

  • Бутт хьалха президента Путин Владимира хаам бира, Оьрсийчоьно коронавирусана дуьхьал вакцина кхоьллина, аьлла. Амма иза адамашна тIехь зийна яц, цундела официалехь тIечIагIйойла дац, бохура пачхьалкхерчу фармакологин компанеша. «Лоьрийн лугIат» журнало къамелаш динчу дуккха а лоьраша хаийтина шаьш и вакцина кхоччуш пайде цалорийла.
  • Вакцина арахеца йолийна Гамалейн центро а, "Биннофарм" компанино. Шарахь арахоьцур бу вакцинин Оьрсийчоьнна оьшу барам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG