ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалмакхой махках баьхна 77 шо кхечи


ГIалмакхойчоь, Элиста
ГIалмакхойчоь, Элиста

"Бандититалла лелорна а, Советан режимана дуьхьал латтарна" а бехкебина гIалмакхой Сибрех хьовсийна 77 шо кхечи. ГIалмакхойчоьнан АССР дIайохош а, бахархой махках бохуш а омра дира 1943-чу шеран ГIуран-беттан 27-чу дийнахь.

ГIалмакхойчоьнан массо а кIошташкара нах аьчган некъан станцешка а лаьхкина, цигахь вагонашка ховшийра. Ши бутт хьалха оццу вагонашкахь депортаци йинера кхарачошна а. Ерриг а вовшахтоьхнарг 46 эшелон яра, царна чохь дIавигира 93 139 стаг (26 359 доьзал).

ГIалмакхой дIакхалхийра Алтайн а, Красноярскан а, Омскан а, Новосибирскан а кIошташка. "Улусы" цIе тиллира оцу операцина. Нах дIасалело магийна йоцучу оцу вагонашкахь дIатарбора 50 доьзал. 1944-чу шеран юьххьехь махках бехира ГIалмакхойчоьл а арахьа беха гIалмакхой а цхьаьна.

1957-чу шарахь РСФСР-н Лакхарчу Советан омрица гIалмакхойн къоман автономи юхаметтахIоттийра, амма боллучу барамехь ца йира. Луларчу мехкех дIатоьхна масех кIошт тахана а ГIалмакхойчоьнан Республикана юкъа ца яхийтина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG