Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса велла коронавирусах 24 пациент, ун даьлла 1 283 стагана. Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь 12 стаг велла, Ставрополан махкахь пхиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалгIайчохь а шишша, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а, Нохчийчохь а цхьацца стаг велла уьнах.
Пандеми марсаяьлчхьана кхелхина Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах 5 759 стаг.
Къаьсттина дукха бу ун даьлларш, тIаьххьарчу 24 сахьтехь билгалдаккхарца, Ставрополан кIоштахь – 245 стаг.
- Ставрополан мохк+ 245 (34 345 ву эпидеми яьржичхьана)
- Краснодаран кIошт + 181 (27 153)
- Дагестан + 157 (22 989)
- Нохчийчоь + 138 (8 292)
- ГIалмакхойчоь + 102 (14 493)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 104 (15 518)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 91 (14 856)
- Адыгей + 91 (10 767)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 89 (11 750)
- ГIалгIайчоь + 85 (11 869)
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь верриг а коронавирусан ун даьалла ву 172 032 пациент. Оператиан штабан информацица, Оьрсийчохь 3 078 035 стагаца къаьстина коронавирусан ун.