ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Авторитаран башхалла йолу цензура". Кавказах лаьцна сайт кхоллархо юкъатоьхна арахьарчу агенташна


Оьрсийчоьнан юстицин министралла

Оьрсийчоьнан юстийцин министралло арахьарчу агентийн болх бен зорбан гIирсашна юкъатоьхна Чехехь туп тоьхна йолу Medium-Orien агенталла. Caucasus Times сайто кхоьллина йолу иза дуьйцуш ю Къилбаседа Кавказехь хуьлучух лаьцна.

Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш "арахьара агент" леринчу зорбан гIирсана а, цуьнан белхахошна а гIуда тоха догIу оцу статусе баьккхинчу зорбанан гIирсо низамаша хIиттийна билламаш кхочуш ца бахь. Низамо бакъо ло административан кепехь уьш лецар.

Оьрсийчуьрчу цензурах а, Caucasus Times балхана хIун Iаткъам бийр бу Оьрсийчоьнан юстицин министралло сацам баро бохучух а дийцира "Кавказ.Реалиига" Medium-Orien проектан уьйр латторхочо Текушев Ислама.

– Medium-Orien арахьарчу агентийн реестр-на юкъатохаро хIун дохьур ду шуна?

– Хьалхалерчу кепехь болх бийр бу оха. Тхуна, юридикан агIор дийцича, цхьа а мехала чулацам болу тIаьхьенаш хир яц и сацам бар бахьана долуш. Оьрсийчохь векаллала яц тхан. Оха цигахь цхьа а хIума дац лелош, ахчанца доьзна долу.

Текушев Ислам
Текушев Ислам

Medium-Orien зорбан гIирс кхоьллинарш санна, Caucasus Times сайтан редакци а дIатарелла ю Прагехь. Кхин хаттар ду цо муха Iаткъам бан мега Оьрсийчохь болчу тхан корреспонденташна а, авторшна а, бохург. Царах хIинца хьакхалуш ду арахьара агентех лаьцна низам. Со нийса кхетахь, царах а бан мегаш бу кхечу пачхьалкхана бол беш болу "арахьара агенташ".

– Мел халонга боккхур бу цо корреспондентийн болх?

– Оха гIо дехна цхьамоггIа Iедашца йоьзна йоцучу вовшатохараллашка, тхо санна хьолехь бисинчу зорбан гIирсашна низамашкахула накъосталла дечу вовшахтохараллашка. Тхуна хаа луург ду муьлха кеп харжа еза оха Оьрсийчуьрчу авторца болх беш, хIунда аьлча, муьлхха а оха лур йолу гонорар бахьана долуш, царна, лаххара а, гIуда тоха мегаш долун дела. Ткъа оцу низамна тIехь хийцамаш бахь, зулам дина аьлла кхел ян а мега царна.

Хааийтар: Федерацин Кхеташоно кхушара ГIуран-беттан 25-хь къобалйира Оьрсийчохьполитика а лелош, кхечу пачхьалкхара ахчанца г1о оьцу вовшахтохараллаш а, бахархой а арахьара агенташ лара бакъо лочу низаман проект.

ГIуран-беттан 23-хь Пачхьалкхан Думо кхоазлаг1а дешрца т1еийцира, реестр-хь д1аязбелла а, шаьш бечу балхах отчет луш боцу а бахархошна дуьхьал зулам дарна дов доло а, 5-а шаре кхаччалц хан тоха бакъо лон документ.

- Реестр-на шаьш юкъатохар кхелехула къовса дагахь дуй шу?

– Нагахь низам балх бан доладаларо тхан балхана новкъарло яхь, сайтан блок хIоттаяхь, регионехь цунна тIекхача аьтто ца хилахь, тIаккха оха кхелехула къовсур бу юстицин министро бина сацам. Тхуна хаа лаьа хIун бахьанаш долуш юкъатоьхна тхо оцу реестр-на.

Кхузахь бIостаналлан хьал ду хIоьттинарг: тхайниг бульваран олу журнал ма дац, оха болх бора журналистийн леларан къепеца боьзна берриг а барамаш ларбеш, хуьлучух лаьцна дийцара, баланс а ларйеш.

Оха цкъа а ца ло бух боцу хаамаш, тхайх эр дерг лардан гIерта тхо. Оха кхочуш йийриг ю мехала социалан функци, регионехь гIоьртина лаьтта хьал мал дарехула, ира проблемаш йиллинчу кепехь йийцаре еш , шайна юкъахь лаьттаца доьзна хаттар а долуш. Ткъа нислуш дерг ду, нагахь богIуш ма хиллара аш болх бахь, шанс ю шун Iаьржачу тептарна юкъанисдала.

Суна хетарехь, оцу сацаман коьрта Iалашо ю бозуш боцу зорбан гIирсаш кӀезиг хоьтуьйтучу хьоле хIиттор. Хьуна цхьа цIе тиллина, ярлык тIелатийна, ткъа хьо оцуьнца къийсавала дезаш ву, эшаме хьелашкахь хIоттийна а волуш.

Зорбан гIирс "арахьарчу агентийн" реестр-на юкъатуху, иза лоруш а, боцуш боцуш а белахь  

Оха зорбане яьхнера Кадыров Рамзанна критика еш йолу артиклаш, тхан материалаш яра Къилбаседа Кавказерчу республикийн элиташа коррупци лелорах лаьцна, шайна юкъахь Дагестан а, ГIебартойн Балкхаройчоь а йолуш. Сих-сиха тхан талламийн турпалхой хилара ницкъаллин структурийн векалш. Амма суна ца хета и сацам, цхьана я масийтта материалана тIе а тевжина, бина аьлла. "Арахьарчу агентийн" реестр-на юкъатухуш Iедал ду зорбан гIирс , нагахь иза лоруш а, йозуш йоцу позици а йолуш белахь. ТIакха иза тIеоьцу режимна кхераме хила мегаш а, кхерам туьйсуш а болуш санна.

– Цензурана тIех буьйлу зорбан гIирсаш Оьрсийчохь Iаьржачу тептарна юкъатоха мегаш бу, бохуш вара хьо. ХIуна муха хаало билгалбаьхна боцу и цензуран гураш?

– Низам а ду зорбан гIирсех лаьцна, цензура а ю язйина билгаляьккхина йоцу. Цунах пайда эца тарло, регионе хьажжина, тайп-тайпанчу кепашкахь. Масала Нохчийчохь ю масийтта хьахо мегар доцу тема. Цуьнан тIаьхьенаш ю и нохчийн цензура йохийначунна, вен кхачоре кхаччалц таIзар дар. Цунах лаьцна дуьйцу, яздо зорбан гIирсаша а, бакъонашларъярхоша а, амма хьал хийцалуш дац дикачу агIор.

Я, масала, ГIебартойн Балкхаройчуьра хьал. 2009-чу шарахь республикерчу прокуратурехь хилира со, чубоьхкина нах хьокъехь комментари эца вахнера со цига цхьана белхахочуьнгара. Ас со муьлхачу зорбан гIирсера ву хаийтича, цо цIеххьана дIахьедира: "Хьуна хаьий, экстремистийн лара мегар ду аьлла хьехочу зорбан гIирсашна юкъахь шайн сайт хилар? Сан стоьла тIехь Iуьллуш ду и тептар. Кхузахь яздина ду шу "Имарат Кавказ" тобанца доьзна ду аьлла". Ас элира сайна ца хаьа аьлла. Гучудаьлларг дара и тептар хIоттийнарг зIенан министралла хилар а, тхан сайтан редакци махкал арахьа хиларна оцу юкъатоха тхо магийна хилар а.

Со цигахь ца хиллехьара иза дан мегаш а дара. Амма тхан аьтто белира, соьца къамелдинчо дIаяьккхира тхан сайт шен тептарна юкъара, цу кепара экстремистийн цIе тхуна тIера дIайоккхуш.

 Тхайн корреспондентийн кхерамазалла хилар коьрта ду тхуна

Оьрсийчохь цензура болх беш ю авторитаран башхаллица, цунах пайда оьцу низамца иза догIуш дацахь а. Оцу хIоьттинчу системехь Iедалхой а, ницкъаллин структурийн белхой а санна аьтто болуш бац журналисташ шаьш ларбан.

– Шун зорбан гIирс "арахьара агент" хиларо хIун кхерам бохьу хьуна хьайна?

– Сан болх даима а бара кхерам кIел хIоттарца боьзна, со Кавказе вахча. Амма хIинца тхо официалан кепара ду вочу статусехь. Проектан координатор а, коьрта редактор а хиларе терра гергарчу хенахь Оьрсийчу ца воьдуш саца дезар ду сан. Амма тхуна коьртаниг ду хир йолчу вочу тIаьхьалонех тхайн корреспонденташ ларбар. Уьш даиман а бу (оха болх бечу) регионашкахь бехаш, уьш кхерамехь бу. Хьалха а бара уьш кхерамехь, амма тахана уьш гӀаькхнаш хилла, уьш ца хилача дика хир ду аьллачу органийн белхахошна.

***

Арахьачу агентех лаьцна Оьрсийчуьрчу низамна саццаза критика йо бакъонашларъярхоша а, дуьненаюкъарчу вовшатохаллаша а, журналистий цхьаьнакхетараллаша а.

Оьрсийчоьнан Iедалхоша а, депутаташа а чIагIдо, шаьш иза тIеэцна Американ Цхьаьнатоьхначу Шатийн низамех масал а эцна, бохуш. Амма Америкехь агентех лаьцна долчу низаман бац оцу кепара репрессийн бух, "кхечу пачхьалкхийн агент" бохург, оьрсийн маттахь санна, вон ойла кхуллуш дац ингалсан маттахь.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Нохчийчохь некъан низамаш дохийна хьаькамаш а, полисхой а жоьпе ийзор бу аьлла Кадыровс. Шуна хIун хета: таIзаре хIиттор буй уьш?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG