ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусах лаьцна Уханера репортажаш йинчу журналистана набахтехь яккха хан тоьхна Китайхь


Дуьххьара вирус гучуяьлла Ухань гIалара базар
Дуьххьара вирус гучуяьлла Ухань гIалара базар

Ухань гIалахь коронавирус гучуяларх Чиллан-баттахь хаамаш Iорабаьхначу журналистана набахтехь яккха хан кхайкхийна Китайхь. Яздо цунах лаьцна Азаттык Радионо.

Видеороликаш дIаязъеш, уьш интерентехь яржош хилла 37 шо долчу Чжань Чжана. COVID-19 вирус гучуяьллачу хьалхарчу деношкахь гIала ун сацон гIертачу юкъанна, видео тIехь гойтура юьзна дарбан хIусамаш а, крематореш а.

Вирусан эпицентрера репортажаш ярна набахтехь даккха диъ шо хан кхайкхийна, хьалхо юристан болх бинчу журналистана аьлла цуьнан адвокато. Чжань Чжан бехкейина "девнаш а, конфликташ а хуьлуш, провокацеш ярна", цо инфекци иккхинчу юкъанна гIалахь лаьттачух дийцина аьлла.

"Дог доьжна яра Чжань, кхелахоша сацам бовзийтича", - аьлла, дIахьедина журналисташка цхьахволчу цуьнан журналистех Цюаньню Жэньас. ЙоьIан ненан бIаьргех хиш оьхура, вердикт йоьшучу заманчохь аьлла, тIетоьхна цо.

Чжанан могушалла эшна йогIу аьлла адвокато. Мангал-баттахь мацалла кхайкхийначу цунна бертаза, биргIи чухула хIума яийнера. Нагахь санна, шена шога таIзар кхайкхадахь, юха а мацалла кхайкхор ю ша аьлла, дIахьединера журналисто дахначу кIиранах.

Дуьненан юкъаралло шога критика йира Китайна цара вирусах лаьцна дуьххьара бинчу хаамашна тIехула. Зераш къайладаьхьна аьлла, бехк билинера Iедалхошна.

КарабогIучу баттахь Ухань гIала гIура ву Дуьненчуьрчу могушалла Iалашъяран организацера итт Iилманча, вирус эккхар таллархьама. Хьалхо дегаза реза хилира Пекин бозуш боцу талламаш дIабахьийта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG