ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу 629 вахархочунна маха тоьхна коронавирусана дуьхьал


Гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу 600 сов вахархочо коронавирусан инфекцина дуьхьал мехий деттийтина, яздо REGNUM агенталло. Бу уш медицинан белхахой а, хьехархой а, иштта адамашна даха хьелаш латточу организацийн белхахой а аьлла, хаам бина махкарчу могушалла Iалашъяран министралло оршотан дийнахь.

"Вакцинацех чекхбевллачарех цхьа а ца велла, я церан могушаллина хилла зен а дац", - аьлла ду инстаграмерчу официалан аккаунтехь министралло бинчу хаамехь.

"Мехий тоьхначул тIаьхьа дикачу хьолехь бу берриш а. ДегIана зене дерза тарло маха тохар, бохуш даьржина хабарш харц ду", - аьлла, хаам бина Нохчийчуьрчу коьртачу эпидемиолога Муртазалиева Асията.

REGNUM агенталло яздора, Нохчийчохь коронавирусана дуьхьал мехий детта 14 пункт схьаелларх лаьцна – хIора муниципалан кIоштахь а, Соьлж-ГIаларчу пхеа поликлиникехь а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG